– Хӏинца цкъа-м массо а дийна ву тхо. Данчӏа чӏогӏа цомгаш хилла-кх.
Чора ца сецча, кхин хеттарш ца деш, царна тӏаьхьахӏоьттира Тарам.
Данчӏин буьна хьалха, йоьгӏча санна, хӏоьттина лаьттара йуткъа, лекха зуда. Коьрта тиллинчу корталин тӏаьмгаш шина а буйнахь чӏенга кӏел гулдина, хӏиттича санна, тухуш бӏаьрнегӏар доцуш, хьех чуэгна баккхий ӏаьржа бӏаьргаш шена тӏебогӏучу нахе хьовсийнера цо. Хийрачу махкахь гена новкъа ваханчу майрачунна сагатлучу Хедина кӏезиг наб кхетара буса. Тховса къаьсттина синтем байна, ладоьгӏуш ӏуьллуш, арара когийн тата а, Данчӏин цӏе йоху а хезна, араиккхича, шайн хӏусаме айъина вохьуш стаг гина, коьрте хьаьлхинчу тайп-тайпанчу ойланаша ӏадийна лаьттачу цуьнан са метта ца деара Данчӏа ша вистхуьлу хаззалц.
Данчӏина хаьара, оцу хьолехь ша гича, доьзалан мел дог духур ду. Церан сингаттам кхин тӏе а алсамбаккха ца луу иза, шена гӏо дан гӏоьртинчу накъостийн куьйгаш дӏа а теттина, берриг ницкъ гулбеш, хьала а гӏеттина, тоьли чу а ваьлла, охьахиира. Бодаша ца гойтура цуьнан йаьлла мокха йуьхь, тӏе кӏомарш тийсина дакъаделла балдаш, чуьрчу чоьшна тӏехь детта цӏий сецна буткъбелла мара а, кхоьлина бӏаьргаш а.
Накъостий, жимачу тоьли чу а бевлла, охьаховшур бу бохург хьехадойла а йацара. Цу чу нуьцкъаша тарбелла боллура Данчӏин доьзал. Хедин дог хьаош, доцца къамел а дина, и шиъ шаьш дитархьама, дӏасабахара вуьш. Нах гено бевлча, тийналла хӏоьттира буьнахь. Тӏехула тесначу зарзделлачу истангех чекх хьалахьаьжча, гора седарчаша серлайаьккхина стигал. Къора терсара Мурат-чай а. Оцу буса биъначу мекхо мацаллина жимма гӏоли йина бераш, халла хезаш са а доьӏуш, дийшина ӏохкура. Лелха санна лозура Данчӏин дегӏан меженаш. Богучу кийрара йуьйлучу йовхоно кхерзинера бага. Цо хала садоьӏура. Амма чӏикъ ца боккхура.
– Хьуна хӏун хилла, стаг, хьан чӏогӏа ницкъ эшна ма хета суна? – хаьттира кхидӏа детта са кхачийначу Хедас, майрачунна улло а таьӏна.
– Могаш вац. Кхеттарг вон цамгар йу. Охьавижа меттиг тойехьа суна.
Наб кхетта ӏуьллу йоӏ, меллаша схьаэцна, Болатна улло а йиллина, йоӏ ӏиллинчу хьардаш тӏе истанг а тесна, Данчӏина мотт тобира Хедас. Метта ма-веллинехь дӏатийра