Цунна хӏинца а ца го малхо хьоьсту бӏаьстенан ӏалам, ца хеза олхазарийн самукъане эшарш, нох ца озалуш, шина стеран бехьар, уьш чехош мохь беттачу Айзин йишхаьлла аз. Нахаро дӏахерцочу мокхачу лаьттаца йукъ-йукъа гучудуьйлучу йаккхийчу тоьпийн хӏоьънаший, мекхадоьллачу герзаший, кӏаййеллачу адамийн даьӏахкаший цуьнан ойла йерриг а дӏадаханчу ирчачу шерашка йуьгу.
– Ахьад, Дала гечде шуна! Дала эхарт декъалде шун! – боху цо шабарца гучуйевлла даьӏахкаш, схьаоьций, цхьанхьа йукъ-йукъа охьа а туьйсуш. Суьйранна ша дӏавахале цхьанхьа йуьстаха лаьттах йухкур йу цо уьш. Цунна бен дац, и даьӏахкаш бусалбанийн хилча а, керстанийн хилча а. Цхьана Дала кхоьллина адамаш ду уьш. Амма, мича дикане кхача гӏерташ, летта-те шу? Аш хӏун къийсира? Дуьне доккха ма дара, латта шорта ма дара, малхо вай дерриш а ма дохдора! Мала хи, садаӏа хӏаваъ ца тоьура шуна?
– Гора, оьрсийн паччахь, йаӏ, хьан мехкан доза дац, бохура, хьан хьолан хьесап дац, бохура. Хӏунда веа хьо тхан мискачу лаьмнашка, оха хӏун динера хьуна?.. – элира ӏелас хозуьйтуш.
– Стаг, ахь хӏун боху? – хаьттира цецйаьллачу Айзас, йуха а йирзина, шен майрачуьнга.
Ӏелас жоп ца делира.
– Хорша, хорша! – мохь туьйхира цо, гурма боьжна тайша сту а човхийна. – Чорин сту дукха ма леллахьа, зуда, ца го хьуна и, чож чу а кхетта…
– Жимма садаӏийта вайша? – хаьттира Айзас. – Тӏадамо ницкъ бина суна.
– Йуха цкъа го а баьхьна, делкъе йийр йу вай. Бераш дийшина ӏохккучуьра, дӏалахка ахь.
Цхьаъ гаьнгали чохь, важа аганахь бераш кӏел долчу кхуре бӏаьрг а тоьхна, стерчий човхийра Айзас.
Гӏушлакхе баьлла малх, бӏаьрса дайъа санна, къегаш хьоьжура. Ӏаьрчхел дехьа басахь, хьуьна йуккъерчу ирзон коржам тӏехь, лаьттах хьаьжкӏийн буьртигаш теӏош доллура церан лулахо Чора а, цуьнан зуда Жовхӏар а. Маьӏ-маьӏӏехьара схьахезара ахархоша стерчий а, бугӏанаш а лоьхкуш, вовшашка кхойкхуш, бетта маьхьарий.
Хезара цуьрриг адаман дог хьаош доцу Чорин сингаттамечу иллин къора аз:
…Йуткъачу гӏодайукъах
Дихкина ва доьхка
Бухкарах хийца, бах
Паччахьан ӏедало!
Дегӏана тӏеоьзна
Исхаран ва чоа
Гӏабалех хийца, бах
Паччахьан ӏедало!
Ас коьрта тиллина
Холхазан горга куй
Тӏапанах хийца, бах