Уьш башха дуьйш-дерзош бехаш бац. Цхьадолу тайпанаш, маьӏ-маьӏӏе четарш детташ, шайн жашца кхелхаш лела. Эшират олу курдойн цхьа тайпа ду цигахь ша тӏе кхаьч-кхаьчнарг, къаьсттина эрмалой, талош лелаш. Наггахь бен йурт йац. Схьанехьа, малхбузехьа, лаьтташ, и мохк санна, йерзина Диарбекир цӏе йолуш шахьар йу. Тхуна некъ буьйцуш хьалхаваьллачу эрмалочо, иза а гайтина, элира тхоьга: «Хӏара туркойн Сибре йу». Дуккха а кегий къаьмнаш ду, бохура цо, туркойн олалли кӏел. Вай оьрсийн паччахьна дуьхьал санна, шайна маршо лоьхуш, туркойн паччахьца къийсам латтош болу хӏордал дехьара керстанаш, кху махкара эрмалой, туркой схьа а лоьцуш, чутуьйсуш набахте йу, боху, оцу шахьарахь. Итт, ткъа шарахь дуьненан серло ца гуш, цу чохь бахкабо, боху, нах. Цхьаццаверг шен йерриг оьмарна чувуллу.
Хан йаьккхина араваьлларг хьалхалерчу кхетамехь ца хуьлу, боху. Суна хетарехь, вай оцу жоьжахатина гергахьа тоьтту.
Цӏа чохь тийналла хӏоьттира. Хӏор а вара Аьрзус дийцинчун ойла йеш. Даймахкахь тӏом болуш оьрсийн йийсаре ваханарг набахте ца кхуссура, Сибрех йа цхьана элан махка тӏе балха хьажавора. Когех буржалш делахь а, дуьнене бӏаьрг тоха таро-х хиларий цигахь. Вада аьтто ца болуш а ца вуьсура. Шина а агӏор йийсарехь берш хуьйций, мукъа а воккхура. Шемалан зинданах тера набахте йара эрмалочо йийцинарг.
– Ткъа хьан хӏун сацам хилла, Аьрзу, цига доьлхий вай? – хаьттира Маккхала.
– Ас биначух сацам хир бац. Нахана хӏун лаьа, хьовсур вай.
– Сайн хӏун сацам хилла-м дуьйцур дара ас шуна, – йукъавуьйлира Тарам. – Оцу йаьссачу ара а хиъна, ахь йийцинчу набахте кхоссарна кхоьруш, кӏажин пха а бегош лечул, кхузахь, хаза хи йистехь, йолчуьра йаьккхина йууш, тӏе шийла хи а молуш валар эзарза тоьлуш хета суна-м. Цига шу доьлхуш дуьйна а хаьара суна аш хьоьгург эрна къа дуйла. И латта гича, адам цига цадахарна кхоьруш, Нуьрсет-паша дукха гӏиртира цигахьа вайн векалш ца бовлийта. Вайна ло мега латта? Нахана-м, уггар хьалха суна а, кхузахь шаьш дустор ду моьттура. Эхӏей, дела хила шун ворхӏе а дена неӏалт!
1. Зиндан - Шемалан заманахь тутмакхаш чубухкуш лаьттах йаьккхина набахти.