наб йайнера.
– Оцу Тарамий, ахьий Мушана тӏелатар хьехош санна ца хийтира суна? Йа гӏенах дара а, хаац, иза.
Маккхал кхийрина минот тӏехӏоьттира.
– Гӏенах делара иза, Шен Делан ницкъкхачарца. Вай цӏахь доцчу йуккъехь шозза Мушана тӏелетта вайнах. Цхьадика, цӏийӏанар доцуш дирзина шоззе а. Шахьарна гонахарчу лекхачу пено совцийна. Хӏорш богӏий хиъначу шахьарарчу бахархоша гӏаьпнаш тӏекъевлина догӏанаш тухуш. Амма пенал арахьа бехарш, талийна, чӏанабаьхна. Вер-ваккхар доцуш дӏадирзина, бухарниш собаре а хилла. Цул сов, дуьхьало йан башха герз а ца хилла церан, оцу пенаш тӏехь лаьтта масех шира йоккха топ йоцург.
– Остопираллахӏ! Хӏинца муха йу кхузарчу бахархошца вайн йукъаметтиг?
– Гӏоьртина йу-кх. Хьалха шаьш дечу гӏоьнах а йухабевлла.
– Муьлш хилла и питана долийнарш?
– Долийнарш муьлш хилла-м, хаац. Кхузахь дахар бохург хир дац, мозий санна, леш, кхачалуш лаьтта, вешан хирг деш, леташ дала деза вай бохуш, нахе кхайкхамаш бора цхьана наха. Адам карзахдаьлча, Тарам а, Довта а царна хьалхаваьлла.
– ӏовдалш! Цара галдаьккхина гӏуллакх. Кхузарчу ӏедалан а, къаьмнийн а шайх безам баьккхина-кх. Хӏинццалц догдохуьйла йара вайн цхьа мегочу лаьтта тӏе ваьш охьаховшоре. Дӏадели иза а. Къуй шайна йукъа ховшийла луур ма дац нахана. Делахь-дацахь а, хӏинца къуй ма ду вай царна гергахь. Тешам байъина.
Оьгӏазвахана Аьрзу вехьаш дӏатийра.
– Кхин хӏун боху наха? – хаьттира цо, цхьа хан йаьлча.
– Дукхахболчара йуханехьа цӏа дахар хьехадо. Новкъа бевлларш а бу.
– Хьуна хӏун хета?
– Кӏелхьардовла кхин некъ хеталац.
– Хӏаъ, цӏа дерза деза, – доккха садаьккхира Аьрзус. – Цхьаъ ца дахь, кхузахь дерриш лийр ду вай. Ӏаьнах девр дац. Сибрех шо даккхар гӏоли йу, кхузахь де-буьйса доккхучул… Кхана суьйранна йартийн тхьамданаш а, бӏаьнчаш а гулбайта… Дагадевр вай…
Шабаршца и дешнаш а олуш, наб кхийтира Аьрзуна. Кханенан ойла йан тховса кхин ницкъ бацара цуьнгахь.
Амма халла кхеттачу набарх бехира уьш тоьли чу иккхинчу жимачу кӏанта.
– Аьрзу! Маккхал! Дада леш воллу, довдийша…
Аьрзуна мара а кхетта, шен жима баьлла корта цуьнан нуьцкъалчу голашна йуккъе а таӏийна, йуха ца верзалуш, шийлачу маьхьарца вилхира Болат…