дигий йолахьа, Хеда, – элира Аьрзус, майрачун весет кхочушдан гӏерташ, бӏаьргех хин тӏадам ца болуьйтуш, дог къуьйлуш ӏачу Хедега.
Хеда бераш эцна йуххера дӏайаьлча, хӏетта тӏевеанчу ӏелегахьа а вирзина, хаьттира Аьрзус:
– Сийсара маса велла, хаьий?
– Гучуваьлларг-м шовзткъе берхӏитта бен вац.
– Маккхал кхузахь вуьсур ву, Данчӏа лийчош. Чора схьаваийта. Хьой, Мӏаьчиггий, кешнашка а гӏой, цигахь кечам муха бу хьажа. Диъ-пхиъ дакъа цхьана коша мегар дацара-те, Маккхал? Зударий, божарий къастош.
– Мага а мегаш, итт цхьаьна а вуллу оха-м, – жоп делира Маккхала. – Царна хӏоранна а шена-шена каш даккха гӏора мичахь ду.
– Дакъа мичахь лийчор ду? Кху буьн чохь-м дӏасахьовза а, хи дӏадада а меттиг ма бац.
– Вохий ма хилалахь, Аьрзу, – гӏайгӏане велакъежира Маккхал. – Кху тӏаьххьарчу шина кӏирано дикка говзаллаш ӏамийна суна. Айъина тӏехьа варша а даьхьна, цигахь лийчор ду вай. Хедега сихха хи дохдайта. Ишттачу денна хьажадой саба а, марчонна киса а ма хуьлура. Хаттахьа цуьнга. Доьзалехь дуьххьара веллачунна-м саба а, марчо а нисло, амма вукху мисканашна хьарчо ур-атталла морса истанг а ца кхочу чомахь. Ас, варша а валий, вешан гӏуллакх дан жимма бегӏийла меттиг карайе.
Берриг кечам хилла баьлча, Данчӏа сийсара дийна цӏа валийначу лами тӏехь айъина варша даьхьира дакъа. Кхузахь иза сийначу гӏашца даржийначу ножан гаьннаш тӏе а диллина, цунна тӏера бедарш дӏайаха хӏиттира уьш. Цӏахь биначу чордачу машин тишйелла, йоманаш техкина коч-хеча тӏера дӏадаьккхича, дерзина делира ткъех шеран дохалла хиллачу чевнийн моьнаша эрчадаьккхина кӏайн дегӏ. Озачу дегӏана тӏехевшинчу пӏендарех шера къаьстара бойна биъ. Хӏетахь ӏоьттина дегӏах чекхбаьккхинчу цамзанан чевнийн моьнаш дара гай тӏехь а, букъа тӏехь а. Амма цунна тӏехьийза кхо стаг хӏумма а цец ца вуьйлура шайна хьалха ӏуьллучу чевнаша деринчу дегӏах.
– Хӏокхуьнан дегӏ-м, цхьадика, цӏена ду, Аьрзу, – дуьйцура Маккхала ша гӏуллакх дешшехь, багахь доьшу айаташ наггахь йукъах а дохуш. – Веза Дела, ма чаьмза хуьлу-кх суна хьалха нисло цхьацца декъий. Дала иза къина ма лорийла сан, цхьаццаверг мезаша вийна олий, хетало. Дегӏах кортош а духкий, тӏе