хьарцхьаралла ду-кх, – шеггара жоп делира Чорас оьгӏазе.
Амма Маккхала гочдира Тараман хаттар.
– Цхьакӏеззиг вочу адамашкара дуьйлучу зуламашна тхо дерриш бехке ма дац, – дуьххьара вистхилира туркочунна уллохь хиъна ӏан когаш берзина эгӏаза эрмало.
– И зуламхой аш къайла ма боху ткъа, – тӏевирзира Тарам.
– Хӏун дийр ду оха, диканиг? – кхоьлина ши бӏаьрг Тарамна тӏебуьйгӏира эрмалочо. – И къиза гӏуллакхаш лелориш а таронаш йолчех бу. Йа шайн карахь ӏедал дерш, йа ӏедалца гӏуллакх догӏурш. Шайн зулам гучудаккха гӏоьртинарг цара доьза войур ву. Доцца аьлча, гӏийла адамаш ду-кх тхо, диканиг.
– Тӏехула тӏе, кху тӏаьххьарчу хенахь аш а хьийзадо тхо, – тӏетуьйхира туркочо. – Масех шарахь къахьоьгуш, халла оха таро йина бежана-газа эвла йисте лоллийла-м муххале дацара тхан, буьйсанна а и кертахь ца йитало.
– Тхешан йерг йохка, оьшург эца шахьара даха а йиш йац, – вистхилира йуккъерчех цхьаъ. – Шун наха, новкъахь дуьхьалбовлий, карахь йерг оззайой дӏайоккху.
– Къаьсттина эрмалошна ницкъ бо аш, – долийра даьлла, декъана некхан ваз а, коьртах хьарчийна йовлакх а долчу кхечу эрмалочо. – Тхо шайца цхьана динехь дац бохуш. Дин башх-башха хиларх, дерриг цхьана Дала кхоьллина адамаш ма ду вай. Тхо а ма дац шул тӏехдевлла дика хьоьгуш. Тхешан ницкъ кхочу гӏо динера оха, хӏинца а дийр дара, ӏедалх дахьахьара. Тхо мисканаш ма хьийзадейша…
Аьрзус паргӏат ладоьгӏура хьешийн аьрзнашка. Цаьрга хеттарш ца дора йа церан дешнаш а ца кегдора. Цара дуьйцург дерриг бакъ а, кхеташ а дара. Амма мелла а царна бехкбилла луу Тарам сих-сиха Маккхалан лере теӏара, цара дуьйцург шена гочдойтуш.
– Дукха хьолахь оха талораш дийраш шун хьолахой бу, – йуха а йукъавуьйлира Тарам. – Вуьйриг а царах воь. Делахь а, наггахь меттиг нисло шу тайпа гӏийлачу стагана бохам беш а. Цо дуьхьало йича. Мацалла ца дала гӏерташ лела тхо. Оьрсийн паччахьо а, шун паччахьо а ӏехийна схьадалийна, кху пана махка охьатийсина, мацалла леш долчу адамашна, йолчуьнгара йаьккхина а ца йиъча, кхин некъ бац. Йа тхо кху тогӏехь, къилбехьа дирзина, охьа а дийшина, дала лаьара шуна? Маккхал, иштта дӏаалал ахь цаьрга.
– Ца оьшу оцу мисканийн дегнаш дохо, – човхийра иза Чорас.