Масане кӏант лела
Кху лаьмнийн чӏажашца,
Мацалло бӏарзвина,
Шелоно гатвина.
Хӏун бала бу-техьа
Ва цаьрга боьссинарг?
Хӏун гӏайгӏа йу-техьа
Уьш бӏаьрза бӏарзбинарг?
Нохчийн илли
Туьпа йуккъехь йитина цхьа урд хиллал майда йара тӏехь сийна бай болуш. Кхузахь йацара цхьа а тоьла а, бун а. Кхузахула дӏаса адам ца долура йа дийнахь а, йа буса а.
Оцу бай тӏехь хӏор а пӏерасканан дийнахь рузбана гуллора туьпара нах. Ламазна хӏуттуш, схьадоккхий чоа, гӏовтал тосура кӏел, уьш йоцург беккъа бай тӏе хӏуттура.
Кхуза гуллора туьпан тхьамданаш кхеташоне а, кхеле а.
Маьркӏажан ламазаш дина, оцу майдана гулбелира нах тховса. Хӏор а йуьртарчу нехан цӏарах – цхьацца стаг. Царал сов, кхуза веана хьалхарчу магӏаршка охьахиъна вара кхин а пхийтта.
Турцех кхаьчначу хьалхарчу баттахь Аьрзуна хиира, адам цхьана низаме ца далийча, бажа санна, хецна дитича, цара шайна а, меттигерчу бахархошна а зуламаш дийр дуйла. Иза хилла а ӏийр дацара. Цхьа барт, цхьа ӏедал ца хилча, кхузахь даьржина лелар дара адам. Тӏетеӏачу ницкъана дуьхьалбаккха ницкъ оьшура.
Кхузарчу адамаша баьчча винчу цо, уггар хьалха, шайн нахах жоп дала хӏора тайпанах цхьацца стаг къастийра. Цул сов, оцу берхӏитта эзар адамах дегӏехь ницкъ ӏалашбеллачу божарех эскар кхоьллира цо. Уьш пхи эзар ву. Хӏор а эзарна а, пхеа бӏенна а, бӏенна а, иттанна а коьрте доьналле, хьуьнаре, тӏамехь бахчабелла къонахий хӏиттийра.
Цаьргахула латтадора цо туьпахь низам.
Тховса тайпанийн тхьамданашца цо кхуза кхайкхинера шен эзарчаш а, пхибӏенчаш а.
Хевшинаӏачийн йаххьаш халла къаьстара хӏетта лома тӏехула гӏеттинчу беттан серлонехь. Йерриге а – цхьатерра йевлла. Хьаьрсий, ӏаьржий, сирий. Оьгӏазе, кхоьлина, ойлане. Бедарш – летийна, зарзйелла, малхо басайаьхна. Царах хӏоранна а хаьа баьччано шаьш кхуза хӏунда гулдина. Хӏор а веана цӏахь буьсучех дага а ваьлла, цунна жоп кечдина. Амма веккъа цхьа Тарам ву царах синтем байна хьийзарг. Цкъа, вулий, коьртара кхакханан месала кӏайн куй схьабоккхий, карахь хьекхош, хьийзабой, йуха а бӏаьштиг тӏе таӏош дӏатуьллу, гоьла тӏе буьллу, мекх шардо цо, тӏаккха цхьана ханна дӏатоь, куьйга корта а