бере, говр ца сацош охьа а иккхина, урх нуьйран хӏоьах тесна, чехка тӏевеана, салам делла, Аьрзуна хьалха хӏоьттира.
– Хӏун дахьаш веана хьо, Гара? – хаьттира Аьрзус, хьалагӏеттина салам схьа а оьцуш, цуьнан куьг лаьцна.
– Эми-паша кхаьчна Муше. Цуьнца кхо эзар дошло ву. Кхана туьпа ван ойла йу цуьнан.
– Кхин?
– Цуьнца ву ӏуспанан Сайдулла а, ӏелаханан вешин кӏант Шамхалбек а, Шахьбин Хьабиб а.
– Хӏун ойла йолуш баьхкина уьш?
– Хӏара туп йохо. Нах Диарбекире дӏахьовсо.
– Кхин хӏун ду керла?
– Эрзерумера схьабогӏу вайнах цхьана дийнан некъ генахь севцца тховса.
– Туркойн эскарш мичахь севцца?
– Шахьарахь нехан керташка дӏасадекъна а, маьждигийн майданашкахь а севцца.
– Йаккхий тоьпаш йуй цаьрца?
– Йалх йу.
– Хӏун тайпа?
– Хӏоьънашца йузург – йиъ, чаччамашца йузург – шиъ.
– Баркалла, Гара. Хьайн накъосташна тӏе дӏагӏо. Бӏаьрг сирла, лерг сема хила. Ха стамдийр ду тховса. Ишар хуьйцу вай. «Лаьмнаш кхойкху».
Бере, каде дӏа а хьаьвзина, цхьана куьйга тур сецош, ведда вахана кхоссавелла говра а ваьлла, чаболахь къайлавелира.
Кхерам хаабелла кхеташонера нах, Аьрзун даше ладоьгӏна, севцира.
Аьрзу, хьала а гӏеттина, нахана хьалхахула дӏасаволавелира.
– Хӏета, кхана къаьста-кх вайн кхоллам, – элира цо массарна а хозуьйтуш. – Бертахь йа бертаза, лаьхкина малхбузехьа дӏадуьгур ду. Цигахь а, кхузахь а – массанхьа ӏожалла йу вайга хьоьжуш. Нагахь уьш нуьцкъала вай дӏадаха гӏортахь?
– Шаьш ӏанне ца ӏахь, сан дакъа хьор цара оцу ахь йуьйцучу Диарбекире, – сихха жоп делира Мовлас. – Мовла-м гӏур вац, шена чохь са а долуш!
– Забарш йита. Хӏун дан лаьа шуна?
– Ас-м забар ца йо,
Аьрзу. Шена ваха луург гӏор. Тхо цхьадерш-м летар ду. Йа, сайца цхьа масех стаг лехна, обарг вер ву.
– Бисинчара хӏун олу?
Йуккъера гӏеттина Довта цхьа-ши гӏулч хьалхавелира.
– Ас ала мегий? Ша галдаьлла гӏуллакх ду вайниг. Цкъа кога кӏел гӏахь, хӏокху туркоша, корта айъа ца дуьтуш, делла дӏадовллалц хьийзор ду вай. Вай-м хьовха, нагахь дийна йисахь, вайн тӏаьхьенаш а. Цкъа дина – цкъа лийр ду. Ткъа кхузахь – дукха ца ӏаш. Суна хетарехь, ваьш дийна а долуш, туркошна хьалха а девлла, цига доьлхучул, летта далар гӏоли хета суна.
– Кхин вуй ала лууш?
1. Ишар - пароль