– Кемсаш…
И дош дара Соипна тӏаьххьара хезнарг. Уьш ца кхоллуш иза йаларна кхоьрура Соип. Тӏаккха ша велла дӏаваллалц дагахьбаллам хир бу цунна… Тахана кху йуьртах чекхвелира иза, цхьамма кемсийн хорха кховдоре догдохуш. Цхьаммо а ца кховдийра. Беха эхь хетара Соипна, ткъа хӏокхо хӏун леладо кхузарчу адамашна а ца хаьара.
Соипа сема ладуьйгӏира гонаха. Летачуьра сеццера лулара жӏаьла. Тата дацара новкъахь. Шен йукъахара ден шаьлта хецна схьайолий хьажа, баттара хьала а озийна, йуха чу а теттина, хьалагӏеттира иза. Цициг санна, кхоссавелла готтачу некъах дехьа а иккхина, цхьана минотехь ладуьйгӏира цо. Тийна дара. Тӏаккха каде баролах хьалатасавелира иза. Ницкъ эшначу пхьаьрсаша ца лара дегӏ. Халла барола тӏе а ваьлла, йуха а ладуьйгӏира цо. Амма хезаш хӏумма а дацара, сахьто санна, цуьнан жимачу даго детталуш ден татанаш бен. Йухавогӏуш сехьавала атта хилийта, кӏохцалан масех колл, схьа а йаьккхина, некъехьа охьатесира цо.
Цхьа минот йалале беша тилира Соип. Сийна тхов бина лаьттачу дитташ кӏел ӏаьржа бода бара, бӏаьрга ӏоьттина пӏелг гур боцуш. Боданах шен бӏаьргаш боллалц а ӏийна, баттара йаьккхина шаьлта аьтту буйна а лаьцна, хьалхахьа дӏаволавелира иза.
Йуьртахь хьалхара хьолада, оцу йоккхачу бешал а, дикачу цӏенойл а сов, йоккха кофейни а, туька а йолуш волу Нияз-бей, ша охьавижале, бахамна го таса дагахь уьйтӏа велира.
Бешахь хехо-м вара. Амма цунах кӏезиг тешара хӏара. Кху цхьана баттахь йетт а, тӏехуу дика говр а дигнера кхуьнан чуьрадаьккхина. Хехочунна наб кхетта хиллера а, йа иза, къуйх кхеравелла, меттах ца хьайнера а хаац, амма Нияз-бей дикачу динах а, аттах а ваьллера. Къеначу Узун-Бобас дуьнен тӏехь мел болу дуй биира, шена наб ца кхеттера, йа оцу шина буса хӏума тоса а ма ца делира аьлла. Иштта-м ца хила а мегара иза. Хӏара кхуза баьхкина нохчий дуьненахь а цӏейаххана мекара къуй бу. Ткъа церан майралла, бӏарзбеллачу цаьрга йоьссина оьгӏазалла! Бехк, дера, бац воккхачу стеган-м кхераваларх. Шайна дуьхьалойинарг, тухий, охьавуьллу цара. Иза бешан цхьана маьӏӏера вукху маьӏӏе кхачале, шайна луъург дийр ду къуйша. Бакъду, и къолаш цхьа Нияз-бей санначу таронаш йолчарна до цара дукха хьолахь.