Хӏинца кхийтира иза дерригенах а. Оццул дера шен марваша кху тӏаьххьарчу хенахь шеца эсала, къинхетаме хиларх а, сел комаьрша иза валарх а Эсета бен тамаша хӏинца кхачийра.
Цкъа дагадеара цунна, ванах, хӏара саметтахь мукъане вуй-те аьлла. Дера, ву. Даим а санна, цӏен ши бӏаьрг. Амма сутараллех буьзна и шиъ. Шера шарйина шуьйра, йеха сира маж. Ӏаж санна, йогу дилхе беснеш. Доьттича санна, зоьртала дегӏ.
– Ваши… ахь баккъал а бохий?
– Ас йийриг забар йац, Эсет.
– Адамашна хезна хӏума дац-кх ахь дуьйцург… Сан майра… хьан ваша…
– Велларг йухавогӏур вац, Эсет. Дийна висинарг вахаза ца волу.
– Сий… эхь…
– Шарӏо магориг нахе йемалдалур дац… Тӏе, хьанна хуур ду хӏара? Нах цигара дӏабевр бу кестта. Вайшинна кӏезиг гур бу уьш…
– Тоьур ду суна хиъча а. И хир дац, Шахьби!
– Ойла а йай, ала айхьа эриг.
– Кхин ойла йан оьшуш дац.
– Делахь хӏета, хьо реза йацахь, сан кертара арайала, – аз айъира Шахьбис. – Туьпа гӏо. Цхьа кӏира далале, цигахь лийр йу хьо мацалла.
– Сийначу цӏарах йага а реза йу-кх со, и эхь тӏе ца эца!