– Аш дийцинарг-м кхин ма дара. Уггар тоьллачу махка тӏехь даха ховшор ду, кхузахь нахана йиллина лаьтташ йалсаманин неӏарш йу бохуш.
– ӏехийна. Хӏокхара – тхо а, оха – нах а.
– Цхьана агӏор-м хила деззарг хиллера нахана, – оьгӏазалла йоьссира Аьрзуга. – Оха, цхьадолчара, бехира, оцу Мусас а, Сайдуллас а дуьйцург дош ларий, махках ма довла. Уьш шайн кисанахь шортта деши долуш боьлху, цигахь церан гӏуллакх вон хир дац, ткъа шу, сагӏадоьхургаш санна, лелар ду. Схьакхаьчна а валале, пашин чин делла Мусина. Хьо а, Эрзерумехь гӏаланаш а эцна, ваха хиъна. Шеца баьхкина гатийуьртахой дӏа а кхийсина, туркойн йуьртахь дӏатарвелла Шахьби а. Аш балий хӏара нах кху жоьжахате. Гӏеххьа болх хили. Ткъех шарахь шайн цӏий ӏенийначу Мусех а, уггар хала деанчу шарахь оьрсашкахьа а ваьлла, шен къомана тур айъинчу Сайдуллех а тешна, махках бевллачу нахана хила деззарг хилла!
Дӏахӏиттинчу полкашна бӏе гӏулч гергакхаьчча, говраш совцийра Аьрзуссий, Маккхалий. Севцира хьеший а. Хӏинца Эмин-пашина шера гора нохчийн дошлой. Дика дой, тӏедуьйхина тоъал цӏена чоэш, белшаш тӏехь башлакхаш, коьртахь холхазан куйнаш. Догӏмашна тӏеоьзнна дихкина деза герзаш. Йаьлла йаххьаш, оьгӏазе бӏаьргаш. Амма цунна ца тосаделира тӏехьа-тӏехьара дошлой эгӏаза, берашха нах хилар.
Леррина шозза-кхузза цаьрга бӏаьрг а тоьхна, Маккхална тӏевирзира иза.
– Цуьнан возаллин бусалба къаьмнийн халифан туркойн султанан цӏарах цуьнан сийлалло садразама ӏела-Пашас сайна тӏедиллина декхар дохьуш веанчу сан оцу нахаца къамел дан деза, – хьалха корта тесира цо.
– Хьоьца къамел дан цара векалвина лай хьуна хьалха лаьтта-кх, паша-бей, – малхбалехьарчу нахах даг тӏе куьг диллина, корта таӏийра Маккхала.
Шена иза дуьххьара гуш санна, коьртера когашка охьа бӏаьрг а тоьхна, йуха а Маккхалан йуьхь-дуьхьал хьаьжира Эмин-паша.
– Цуьнан возаллин султанан цӏарах садразама ӏела-Пашас суна тӏедиллина, нийсса кхо де далале шу кхузара дӏадаха аьлла.
Маккхала, вист ца хуьлуш, корта таӏийра.
– Шайн махкахь оьрсаша, хӏаллакдеш, кхачош дохкура шу. Цунах а ца ӏаьбначу цара сацамбира, шу, махках даьхна, лаьхккина Сибрех дӏадига, цигахь милла, мацалла дайъа, дийна бисинарш керста дине берзо.