Ша тӏекхочуш, цунна хезира вукхушиммо йохка-эцар хьехош.
– Дохка суна и хьайн кха, ахь цунах бан пайда бац.
– Хӏан-хӏа, и хьехо а ца оьшу. Кха дохка йиш йац сан, – корта хьийзабора Васала.
– Ахь хӏун до цунах?
– Наха шайчех дийрриг.
– Нах-м шайниш дуьйш-дерзош бу, ткъа хьайниг хӏор а шарахь тӏе къух долий лаьтта.
– Ас сайниг а охур ду.
– Стенца? Хьан-х кертахь, беа кога тӏехь хьайба хьовха, атталла цициг а дац. Ткъа ас хьуна цунах гали хьаьжкӏаш лур йу.
– Хӏан-хӏа, ӏоса, латта дохка йиш йац сан. Со лахь, берашна а дезар ду иза. Наха аьтто бахь, охур ду ас, ца бахь, стохка санна, дуьсур шена.
– Делахь хӏета, хьайх йохку сан гали хьаьжкӏаш схьало.
Васал воьхна хьаьвзира.
– Гурахь лур йу ас…
– Гурралц ӏойла дац. Йа сан хьаьжкӏаш схьало, йа хьан кха ас сайна оху. Кхо де хан йу хьуна.
– Делах мукъана кхерахьа, ӏоса! Ас хӏун дан деза цӏа дуьззинчу берашна?
– Суна кхаба тӏеэгна-м дац хьан бераш? Хьайга кхабалуш доцу синош дуьнен тӏе ма даха!
Тӏекхочуш воллу ӏела а гина, кхин хӏумма а ца олуш, дӏаволавелира ӏоса.
– Ассалам ӏалайкум! Суьйре дика хуьлда хьан, Васал!
– Ва ӏалайкум салам, марша вогӏийла хьо а, – чевно чолакхдина куьг схьакховдийра Васала.
– Муха ӏаш йу Мархет, гӏоли йуй жимма а?
Ӏосас догдохийна волчу тӏе а гӏелвеллачу Васала доккха садаьккхира.
– Ва Дела аьлла гучуйолуш гӏоли ма йац цунна-м, ӏела. Хьо ирзо аьхна велин?
– Ца ваьлла. Кхана делкъале вер ву.
– Иза-м цхьана дийнахь аххал бен ма дацара, хьо ма хьевели?
– Балла боллучу шина старца ахалац.
– Хьенан сту боьжна ахь хьайчуьнца?
– Чориниг.
– Цхьа сту мукъана а белхьара, цхьаьнца декъа гӏур вара со а. Хӏинца дан хӏумма а дац. Со санначаьрга шайна болх а бойтий, цунна дуьхьал цаьрга шайн кхаш аха стерчий лора ӏосагӏар. Цхьаммо а со шайна балха ца вуьту. Ӏоса ву сан кха дӏакхалла гӏерташ. Цуьнца барт бу Шахьбигӏерийн, Хортӏагӏерийн.
Кетӏахь ӏуьллучу гула тӏе а хиъна, луьлла томкех йуза волавелира Васал.
– Гӏел ма лохьа, Васал, цхьа Дала дайттинарг дийр ду вай, – цуьнан догъоьцуш, белша тӏе куьг туьйхира ӏелас. – Иза-м вайн дан гӏо долуш гӏуллакх дара. Мархет толахьара цкъа.
Васал арахь а витина, чувахара ӏела.
1 Доккхачу диттан гӏад, хен