Ткъа хӏинца садоӏур вай. Ӏела, Деналханан говре а хьожуш, хьо арахь вижахьа.
Чиркх байъина охьабийшинчу хӏокхарна набарш кхетале, тоьлин неӏ дӏакъевлира жимачу гӏаларто.
– Болат? – цецвелира Аьрзу.
– Со ву, – гӏийлла жоп делира гӏаларто.
– Ахь хӏун до кху хан йоцчу хенахь? Хедий, Човкий хӏун деш йу?
– И шиъ дика ӏаш йу.
– Ткъа хилларг хӏун ду?
– Соип вийна…
– Хьан доттаггӏий? Хьан вийна?
Аьрзуй, Маккхаллий, вагийча санна, цӏеххьана кӏегархиира. Болата дийцира шена гинарг дерриг а.
– Нана а йелла ӏуьллу цуьнан, – тӏетуьйхира Болата. – Схьахетарехь, мацалло бӏарзйинчу цунна кхалла хӏума лаха араваьлла, цхьаннан керта гӏоьртина хилла хир ву. Шен дуьхьа нехан хӏуманна тӏекхевдар волуш вацара иза…
– Хьуна хезин, Деналха, оцу кӏанта дуьйцург? – бодашкахула дӏа хьеше вистхилира Аьрзу. – Иштта ду-кх кхузара хьал. Хьуна хӏун лаьара, Болат?
– Хаац… Хьалххе цӏа кхаьчнехь-м, накъостий эцна вахана, цӏа вохьур вара иза. Новкъахь тилавелла лелла, хӏинцца кхечи со…
– Тховса гӏуллакх хир дац-кх, Болат, иза цӏа вохьур ву бохучух. Далаза сахуьланга довлахь, иза цӏа а веана, нана а, иза а дӏадуллур ду-кх вай. Хӏинца, чугӏой, паргӏатвала хьо.