йухавеара Чеботарев.
– Хьан оьздалла, шиъ арахь сеци говрашца.
Шиннах хьалхарчо, горга йуьхь-марш а, сийна бӏаьргаш а болчу безамехьчу нохчочо, оьрсийн маттахь маршалла делира. Церан гӏиллакхаш мелла а девзачу Зеленыйс, шиннен а куьйгаш лоцуш, маршалла а хаьттина, стоьла улло охьаховша гӏанташ гайтира царна.
– Анисимич, ахь даим а хестадора хӏокхеран хьаша тӏеэцаран гӏиллакх, – салтичуьнгахьа вирзира капитан. – Вайша йуьхьӏаьржа хинвоцу хӏума лело хьайна дика хуур хьуна. Хӏорш дӏабаха арабевлча, кухне бигий, йуург ло веанне а.
– Хӏан-хӏа, Александр Семенич, иштта дан ца деза иза, – корта ластийра салтичо. – Кхушинна йуург хӏинцца йала йеза.
– И хӏун ду?
– Вузийний бен, хьеше деана гӏуллакх хатта бакъо йац вайн кхеран ӏедалехь.
– Тӏаккха, дера, беза кхушинна хьалха сихха кхача билла!
Араиккхинчу Чеботаревс, хӏорш вовшашка хьал-де хаьттина бовлале, стоьла тӏе кӏайн бепиг, шекаран чай, хурманаш, ши шиша цинандальски чагӏар хӏоттийра.
Чу чагӏар а доьттина, хьешашна хьалха стаканаш хӏиттийра капитано. Шениг кара а лаьцна, хьалагӏеттира иза. Ши хьаша а хьалагӏеттира.
– Дӏаэцал аш, хьомсара хьеший, вайна вовшийн довзарна тӏера цхьацца кад мер вай!
Хьешаша стаканаш дӏа ца оьцура.
– Ахь бехк ма билла, господин эпсар, – бохийна, амма тоъал нийса оьрсийн маттахь вистхилира сийна бӏаьргаш берг. – Кху хӏусаман дена там хирг дӏовш мала а реза хир ву тхойша, амма малар мала йиш йац-кх. Тхан дино тхуна дихкина иза. Баркалла хьуна.
– Хӏун дийр ду ткъа, ца магахь, ницкъбойла дац, – шен карара стака, къурд ца беш, охьахӏоттийра Зеленыйс. – Охьаховшал, хӏета. Кхача дӏора токхе бацахь а, дӏаэцал шайна.
Ши хьаша, багахь цхьа шабар-шибар дина, цхьацца баьпкан йуьхк схьа а эцна, пӏелгашца кӏез-кӏезиг йоккхуш бага а туьйсуш, меллаша ӏийша велира. Зеленыйс леррина тергалдора цаьршиннан аматаш. Сийна бӏаьргаш болчун аьрру куьйган пӏелгаш дацара. Цуьнан къамеле ладоьгӏча, бӏаьргаш чу хьаьжча, хаьара Зеленыйна и стаг тӏемалочул тӏех политик а, догцӏена, адамалла долуш стаг а хилар. Ткъа важа, шолгӏаниг, вист ца хуьлура. Векъана, шуьйра белшаш, андий пхьарс-ност, йуткъа гӏодайукх, курра саттийна ворта. Хӏетта