Бертахь цигара дӏадовла, ца довлахь, ша нуьцкъала дохур ду, боху цо. Ойла йан итт де хан а йелла, вахана. Ткъа нехан сацам хилла, цигара дӏа малхбузехьа ца баха, зударшций, берашций цхьаьна летта бала. Инарло тоьхна хан кхана-лама чекхйолуш йу. Тахана ца ӏанахь а, кхана-лама цӏий ӏенар ду. Кхелхина кху махка баьхкинчу нохчаша – кегийчу бераша, гӏорасизчу зударша, къаналла сирбоьллачу баккхийчу наха – массара а хӏара дехар эцна хьуна тӏехьовсийна тхо, господин эпсар. Хьан карахь ду церан синош.
Чоина чухуларчу гӏовталан хьалхарчу кисанара схьадаьккхина, деалха тоьхна ши кехат кховдийра цо Зеленыйга. Цуьнгара и схьаэцна, даржа а дина, тӏехьаьжира капитан. Чехкачу хотӏаца, кегийра ӏаьрбийн элпашца йаздина дара ший а кехат. Карахь дӏаса а хьовзийна, хӏуманах ца кхетта, шина хьеше хьаьжира иза.
– Хӏун ду кху тӏехь аш йаздийриг?
– Ас дийцинарш доцца оцу тӏе йаздина ду. Тхешан бохам, тхаьшкара ӏазап, бала. Оха доьху тхаьш Мушаний, Ванний гонаха дитийтар, нагахь цунна шаьш резадацахь, тхешан даймахка йухадерза тхайна бакъо йалар. Шиннах цхьаъ.
Александр Семенович, хьала а гӏеттина, ши куьг букъа тӏехьа тӏе-кӏел а диллина, меллаша чухула дӏасаволавелира. Цхьа а вист ца хуьлуш ши-кхо минот йелира. Цӏенкъа тесначу гӏеххьа тишачу куза тӏехула цӏийзара капитанан когара цӏена эткаш. Цуьнан нийса букъ, цхьа беза мохь тӏебиллича санна, оцу минотехь хаъал сеттира. Кура корта таьӏнера. Шен тодинчу ӏаьржачу мекхашна шина а агӏор наггахь куьг хьокхуш, лекхачу хьажа тӏе шад гулбина, бӏаьргаш цӏенкъа а боьгӏна, масазза а дӏасавахара иза. Хӏетталц дош аьлла вист ца хуьлуш и оьрси тергалвеш ӏачу Аьрзуна хиира иза догцӏена, къинхетаме, комаьрша, куралла йоцуш, амма шен лаамехь воцуш стаг хилар.
– Шуьгарчу хьолах дика кхета со, доттагӏий, – элира цо, шен боларх ца вухуш. – Аш тхуна тӏебуьллу бехк а нийса бу. Шун дехар а бакъонца ду. Амма сан ницкъ бац-кх шуна гӏо дан, – белшаш хьала а тухуш, ши куьг дӏасатесира цо. – Сан карахь хӏумма а ма дац. Тифлисера схьадаийтина омра кхочушдар – иза ду сан декхар. Цхьа сиз ца талхош. Доцца аьлча, цигарчу хьаькамийн карахь тайниг йу-кх со.
– Хьайггара хӏума дан бакъо йоцийла-м