ӏалашдина, ладар кӏезиг ӏийдало са а лехна, ӏаьндойн къорза гали тӏе а кхоьллина, охьа а хиъна, дӏатийра иза.
Тӏаьххьара шен бӏаьргех хи даьлла хан халла дагайогӏура Мӏаьчигна. Мацах-мацах цкъа беран хенахь дара иза. Бийболатан заманахь. Ярмол-сардалан хьерабевллачу инарлаша оцу гонахарчу йарташкара кхо бӏе стаг Гезлойн-гӏопехь къиза вийначу дийнахь. Байъинчаьрца вара Мӏаьчиган да а, денда а. Хӏара бен бер доцуш, къона, хеназа лаьттах вахара да. Оцу дийнахь вилхира Мӏаьчиг.
Оцу дийнахь и къиза ши инарла вийра Майртуьпарчу Оччархьаьжас. Амма цаьршимма вийна кхо бӏе ден ца велира. Оххӏай, уьш кхо бӏе вийча, севци белира. Веанчу Ярмол-инарлас сийначу цӏарах йагийра йарташ. Хӏетахь дуьйна шовзткъа шо даьлла. Ткъа оцу шовзткъа шарахь цкъа а бӏаьргех хи ца даьлла Мӏаьчиган. Амма тховса дуьхьалара вал хаьдда-кх царна. Оцу шовзткъа шарахь ӏаьӏна иза, тховса, и арахь серашха детта шийла догӏа санна, охьахецаделла-кх. Берриг ницкъ тӏегулбой, сацадо иза Мӏаьчига, амма оцу шовзткъа шеран къаьхьа денош хоьрцуш воллучу цуьнан, декъазчу денна тӏе масазза кхечи, тӏехбогӏу ши бӏаьрг. Ткъа мел дукха хилла и декъаза денош… Дуьззина шовзткъа шо. Маса де хуьлу уьш? Хьанна хаьа. Мӏаьчигна хаац оццул шерийн денош лара.
Ткъа ойланаш кхерста. Кхерста уьш нохчийн лаьмнашца, аренашца. Кхерста уьш буьрсачу Теркаца, аьрхачу Яьссица. Беркатечу хьаннашкахула. И къена хьаннаш йуьзна акха кхуьуш стоьмаш, ораматаш, акхарой, олхазарш хуьлура. Ахь лаьттах буьртиг ӏоьттинчохь йалта кхуьура. Йалта аьлла хӏума дацара, цхьа хьийкъина хуьлура иза. Йокъано йа тӏамо йалта хӏаллакдинчу шарахь а хене довлура. Бӏаьсте йаллалц хьаннашкахь гуттар баа тобелла кхораш, хьаьмцаш, хьорамаш, маситта тайпа стоьмаш хуьлура. Кхузахь дац хӏумма а. Ког биллал латта а, цхьа колл а йац цхьаннан долахь йоцуш…
Мохк-м иштта бара кхузахь, ткъа адамаш? Уьш а ду хийра. Цигахь, Даймахкахь, дерриг дара дагна гергара. Гондӏарчу къаьмнашкара гӏо а хуьлура. Мотт башх-башха белахь а, гӏиллакхаш цхьаьнадогӏуш цхьа ламанхой бара уьш. Биллина тӏом хиллехь а, оьрсашца тарлора. Баккъал дерг аьлча, цӏеначу оьрсичул догдика, къинхетаме, тешаме