тӏедоьлху и догӏа бен ца хеташ, велла ӏуьллуш. Кху харц дуьненара дӏавахана, маьршаваьлла… Кху дуьненахь цкъа а хир йац маршо а, нийсо а.
Хӏор а ӏуьйранна уггар хьалха дан деза гӏуллакх белларш дӏабохкар дара. Оцу тӏера дӏадолалур ду кхана а де. Хир ду-кх и декъий, тӏадийна муст а делла, хьожане…
Иза-м и дара, ма атта хир бац-кх йуханехьа некъ а. Схьадогӏуш говраш, стерчий, ворданаш, даа рицкъа а дара цаьргахь. Шаьш могаш а, гӏелбалаза а бара. Цул сов, шина паччахьан ӏедалша ӏуналла а дора. Ткъа хӏинца хӏун хир-те? Некъан гӏирсаш а дӏабевлла церан. Нийсса ах адам делла дӏадаьлла. Бисинарш а бу ах цомгаш, важа ах – халла шайн догӏмийн дола деш. Даа рицкъа дац. Уьш хилла а ца ӏа халонаш. Туркоша бакъо ца ло царна йуханехьа дӏабаха. Ткъа оьрсийн эпсаро элира цаьрга, шайн ӏедало хӏорш Россе буьтур бац. Йуханехьа некъ хала хир бу. Бахархошкара гӏо хир дац, ӏедало ницкъ бийр бу. Нуьцкъашха дозанашка кхаьчча, дехьа ца довлийтахь? Оцу зилал дехьадевлча-м, шайн цӏа, Нохчийчу, кхаьчча санна, паргӏатбевр бара хӏорш. Цигахь гуьржий бу. Нохчийн лулахой. Паччахьо йукъа мел питанаш тийсахь а, церан цкъа а дац вовшашца мостагӏалла. Уьш вежарий хилла буьсур бу даим а.
Аьрзун ойла даймахкахула хьаьвззина йеана дехьарчу туркойн йуьрта йоьссира. Дуьхьалхӏоьттира Эсетан сурт. Бӏаьстенан йуьххьехь ӏаьрчхехь шена ма-гарра. Цкъа – дешин бос беттало месаш букъа тӏехула охьа а хецна, йерзина нийса, стомма ност чахчари кӏел лаьцна. Тӏаккха – шех кхерайелла, куьйгаш некха тӏе а таӏийна, кӏегаръиккхина. Йуха – ша Хонкара дӏавогӏу аьлча, хазахетта, меллаша голаш тӏе охьалахйелла. Схьадогӏуш новкъахь наггахь цунах бӏаьрг кхетара Аьрзун. Амма дагахь дисинарг, даим а цунна дуьхьалхӏуьттург ӏаьрчхехь гина сурт дара.
«Хӏун хилла-те цунах? – хоьттура цо шега. – Схьакхаьччахьана, гина а йац суна иза. Миска Гати а кхелхина, боху. Шахьби, молла велахь а, сутара, къиза стаг ву…»
– Вайшиннах цхьаъ хьалха йоьдучу тобанца дӏаваха веза, Аьрзу, – тийналла йохийра бодашкара схьа вистхиллачу Маккхала.
– Хӏун элира ахь? – набарх ваьлча санна, цӏеххьана хаттар дира Аьрзус.
– Йуханехьа некъ вай схьадогӏучул эзарза хала хир бу. Вайшиннах