– Вахьа-хьа-хьа! Хьорзам тов! Делхьа, ма нийса элира ахь иза, ала хӏай! Вахь-хьа-хьа! – гай лаьцна, шалхаоьхура ӏоса.
Товсолтин деган кураллин мерзах мӏара хьакхайелира.
– Берстинчу айгӏарехь ницкъ ца хуьлий, хаьий хьуна? Берстинчу айгӏарх а, озачу кхелах а долало вон хӏу. Хьо-м, цхьанна гучуваьллехь, кӏелхьара ца валавала а мегара, ткъа иштта меттиг сайна ӏоттайелча, со цӏенна чекхваьлла!
– Хӏапӏуп! Хьо-м вовзара вайна!
– Делхьа дийца, Товсолта, айхьа лелийнарг!
– Дийца дукха хӏума а дац иза-м. Со цхьана зудчуьнца лелла аьлла, цкъа цхьа хӏума кхоьллира…
– Бакъ мукъане дарий и? – ӏосега бӏаьрг таӏийра Шахьбис.
– Дела цхьаъ хилар санна! Амма ас тӏе ца лоцура. Дуй баа хьовзийра. Суьйранна дуй баа цхьанхьа кхайкхинера со. Цига вахале, тхешан хӏусамнаний, берашший чуьра ара а даьхна, агана вижира со, когаш чекх а бохуш. Тӏаккха, цу чуьра хьала а гӏеттина, сайн йоккха стаг чу а кхайкхина, иза хьостуш, цунах куьг-хӏума а тоьхна, дуйне ваха со. Дӏакхаьчча, Къуръан кховдий соьга, шайн зудчух куьйгаш тоьхна дац алий, дуй баа аьлла.
– Биирий ахь?
– Дера, биира, мохь тоьхна-м. Со аганара гӏеттичхьана, сайниг йоцчу зудчух куьг кхетта дац сан аьлла!
– Вахь-вахь-вахь!
– Кхи-кхи-кхи-кхикх!
– Эхӏей, дера эккха шуьша вистина! Ма, со воьдуш а, йалсамане гӏур вац-кх, ван-м. Цхьа хьал цахуучунна моьтту, шу Делан маликаш ду!
Товсолта кхеравелира:
– Хьо ӏовдало нахе дуьйцурий уьш?
– ӏелур вац дийцаза!
– Уьш-м къона долуш лелийна, дӏадевлла хӏуманаш дара, Товсолта, – куьг ластийра шеквоцчу Шахьбис.
Гайшна там хиллера. Цхьа самар чай мийлира. Забарш а йира, ӏосин йуьхь шен даим а хуьлучу суьрте йирзира. Томкано маждина бӏоржамаш санна долу мекхаш, куьг хьаькхна, шардина, цӏен ши бӏаьрг Товсолтина тӏебуьйгӏира цо.
– Забарш – забарш йу, кӏентий, ваьш дӏадохале, цхьа гӏуллакх къастаде вай.
Хӏусамден карахь жижиган дакъа гича, ши лерг ойъий, мотт боккхий, цергех хиш туьйсуш, цӏога а лестош, кӏегархуучу жӏаьлех терра, шен сутара бӏаьргаш ӏосега а хьовсийна, сецира Товсолта.
– ӏаьрчхехь сайчуьнца доза долу дерриг кхаш эцна ас. Амма уллохь Васалан ши урд хиллал меттиг йисина. Дӏадаханчу шарахь а ахаза йисина иза. Дохка