Амма хьо ма вохалахь… Вайн доха йиш йац… Хало, бохам тӏебеача, бухуш хиллехь… нохчий тоххара, хӏаллакьхилла, кхачийна хир бара… Хӏинца соьга дика ладогӏалахь, ӏела…
Цхьа хан йаллалц вист ца хуьлуш, ши бӏаьрг хьаббина сецира Аьрзу.
– ӏела, цӏахь висина хьан ши кӏант ца вагарвича, сол тӏаьхьа вайн цӏийнах стаг ца вуьсу, хьо воцург… Хӏумма а стаг хьаьгар воцуш, декъаза кхаж баьлла хьан… Йерриг дегайовхо ӏумарх а, ӏусманах а йу… Цаьршиннах вайн цӏийнан тӏаьхье хиларе, сайл тӏаьхьавуьсу хьо цаьршиннах ӏехаваларе догдоху… Делахь а, хӏун гур хаац. Амма, хӏуъу а хьайна тӏедарах, собарх, къонахаллех ма вохалахь. Нагахь вохахь, кху къизачу дуьнено къинхетамза кӏелхьарчор ву… Дайша вайна хьехначу оьздачу новкъа, цхьаннахьа а корта ца таӏош, майрра гӏулч йоккхуш, хьалха дӏагӏой, воссалахь коша. Ког шершаш, охьакхеташ меттигаш а йогӏур йу… Хьо эшна меттигаш а нислур йу. Амма воьжначохь ӏилла ма сацалахь, тоьллачу мостагӏчуьнга къинхетам ма бехалахь… Маршонах догдиллий, нехан лай хилий, ма вахалахь. Мостагӏашна йахь ца луш, верзалахь вайн дайшна, тхуна а дуьхьал… Хьо цӏа верза, мухха верзий а. Жимма са ца даьӏча… дийцалац соьга…
Къилбаседехьара схьахьаькхначу махо даржийра дохк. Ломан дехьа басахь гучудевлира курдойн четарш. Генадоцуш дежара церан жа. Тахана ца хезара жаӏуьно шедагца лоькху башха йиш, вовшашка бетта маьхьарий. Чӏир кхобуш дӏатийнера хӏара агӏо. Чӏожаца кхалхадуьйлуш, кхерстара лаха охьа чохь упханашна дечигаш хедош деттачу дагарийн татанаш. Аьрзу, дегӏе ницкъ гулбеш, вистхила хьевелча, хӏара шех ийзало-те аьлла хетта, хьалагӏеттира Къосам.
– Вало, Мӏаьчиг, гӏой, катоха вайша.
Амма Аьрзус сацийра иза.
– Къосам, дӏаса ма ваьллахь… ас кхидӏа эриг шу кхаанга хир ду… – охьахаийра иза Аьрзус. – Вайн дендайша болийна бӏе шарахь бахбелла тӏом вай къандеш чекхбелира… Нийса аьлча, иза хӏинца а чекх ца баьлла. Къийсам бахлур бу. Иза чекхбер бац, вайгара махкаца цхьаьна ша дӏайаьккхина маршо оьрсийн паччахьо йухайерзайаллац… Цо соьга дика ойла йайтина вай хӏинццалц схьабинчу некъан… Суна хетарехь, оцу новкъа вай бӏаьрзе даьхкина…