Томкин кӏуьро маждинчу сирделлачу мекхех куьг а хьоькхуш, вист ца хуьлуш, девне ладоьгӏуш, тевжина ӏен ӏоса охьахиира.
– Хьо харцлоь, Шахьби, – цуьнан белша тӏе дайн куьг туьйхира цо. – Цхьана агӏор-м, бакълоьра хьо, амма, дӏа ойла йича, харц ву. Вайн мохк дӏалоцуш оцу оьрсашна гӏо диначу кӏеззигчу нахах цхьаъ ву со. Дуьххьара цаьргахьа ваьлларг со хила а мега. Со царна тӏевоьдуш а ца безара суна уьш бӏаьрга бан, хӏинца совхе а ца беза. Амма, эз-эзар шерашкахь вайн къам дахарх, уьш вайн кочара бевр бац. Суна уьш кху агӏор ма-гӏоьртти хиира цаьрца вай ларор доцийла, шена дуьне дезарг цаьргахьа хила везий. Вай цхьадолчарна тоьлург, оьрсаша куьйгаш тоьхча, хелха а дуьйлуш ӏер ду. И цахуург кхоччуш ӏовдал ву. Тӏехула тӏе, Шахьби, хьо кийрахь жимма вехко хета суна. Цкъа марах даьрий-те хьуна и? Ас ца элира олу дац вайн. Шу дерриш а сан йуьртахой хилла ца ӏаш, йиш-вошалахь нах ду. Оцу наха, шаьш керстанашца ларадахь, вай а дуьтур дац кхоийна. Цул, хӏара девнаш ца деш ӏар тоьлуш хир ду. Ас бохург аш дой, кху йуьртана тӏе а хевшина ӏийр ду вай, амма и дан ца лаьа-кх шуна, нах вайна тӏе ховшур бу.
– Делархьана, хаа-ц суна-м, хӏокху Шахьбис сайга хӏун де боху, – дегабааме хилира Хортӏа. – Сайн доьзалхо вен а, ваккха а – сайна луъург дан бакъо йац сан? Далла хьалха ас жоп ма ло цунах. Суна бен а дац ӏедал керста нехан хилча а, жуьгтийн хилча а, иза сайна аьттоне хилчахьана. Хьуьжарехь пхийтта шарахь дешийтича, хӏун хир йара сан кӏантах? Йуьртан молла. Нехан закаташка са а туьйсуш, беллачийн тӏелхигаш а лехьош, лелар ву-кх иза. Оьрсийн школехь дешча, сан кӏантах эпсар хир ву. Мичча хенахь суна а, шуна а тӏетовжа гӏовла. Тӏехиндолчун ойла йел аш!
– Со шек ца волу, со, йоккхачу тоьпа а воьллина, мархашка кхоссарх, – вехьара Шахьби. – Иэхь дац шун, йахь йац шун. Дегнаш дац шун. Вайн дай, йижарий, вежарий байъина, вайн махках чим бина, вайн йаьӏни тӏе хевшинчу оцу Делан мостагӏийн йалхой лела Делах а, нахах а эхь ца хета шуна. Цара-х вай бӏаьн некъал лаха довла ца дуьту. Цара-х, дага йуккъера мохк дӏа а баьккхина, кху дийнарг ца кхуьучу кӏажа а дерзийна, вайн къам хӏаллакдеш лаьтта, уьш-х вай керста дине дерзо гӏерта!