Ахульгохь велла имам йуха а денвелира. Паччахьан инарлийн гӏуллакх кхиам боцуш дӏадоьдура. Дуьххьарлерчу пхеа шарахь масех наместник хийцира Кавказехь, амма толам гуш бацара. Тӏаккха Николай ӏ-чо, Кавказан наместник вина, цига хьажийра Красни уллохь Наполеонна тӏехь толам баккхаза висина бохуш вуьйцу 1812-чу шеран тӏемийн гӏараваьлла турпалхо граф Воронцов. Николай ӏ-чо цунна тӏедиллира, «Шемалан гӏеранаш йоха а йай, цуьнан мехкан дегайуккъе а гӏой, цигахь чӏагӏло» аьлла.
Массо а тешна вара паччахьо шена тӏедиллина декхар инарла-адъютанто Воронцовс нийса кхочушдийриг хиларх. Цундела, иза Петербургера схьаволуш, цунна тӏаьхьахӏиттира нохчийн хьаннашкахь чинаш а, совгӏаташ а лахьо ойла йолу столицера дуккха а дворянийн кегийраш. Цуьнца Кавказе веара императрицин ваша, немцойн принц Александр Гессенский. Цунна лаьара графо Воронцовс акха ламанхой хӏаллакбеш а, церан баьчча схьалоцуш а хьажа.
Кавказе кхаьчча, ша дагалаьцначу походна пхиъ эскар кечдира Воронцовс: Нохчийн отряд – коьртехь инарла Лидерс волуш, Дагестанан отряд – инарла эла Бебутов коьртехь, Самурски отряд – коьртехь инарла эла Аргутинский-Долгоруков волуш, Лезгински отряд – инарла Шварц коьртехь, Назрановски отряд – инарла Нестеров тӏе а хӏоттош.
Царал сов походехь дакъалоцуш бара паччахьан гӏарабевлла инарлаш: Пассек, Викторов, Клюге фон Клюгенау, Граббе, Барятинский, Фок, Белявский, Меликов, Бенкендорф, Гурко, Дондуков-Корсаков, Миллер-Закомельский, Гейдель, кхин дуккха а.
План иштта йара:
Нохчийн, Дагестанан шина отрядан декхар дара, Дагестанахула хьала ӏаьнда а йахана, цигара охьа Нохчийчу а йирзина, Шемалан резиденци Даьргӏа дӏа а лаьцна, Нохчмахка а йохош, Шелахьа дӏайаха. Оццу хенахь шайна хьалхахӏиттийначу некъашца тӏамца Нохчийчоьнан кӏорге кхача йезара важа отрядаш. Оцу пхеа отрядал сов, Грознехь резервехь йитинера шен коьртехь инарла Фрейтаг а волуш цхьа отряд.
Йерриг отрядийн декхар дара, гӏуллакх чекхдоккхуш, Шела уллохь цхьаьнакхета.