Амма хӏун пайда бу цуьнан? Имаман резиденци кхечу йартел цуьрриг башха йоцуш йурт йара. Имамо хӏумма а дош ца хеташ йагийра иза, хӏунда аьлча иштта резиденци цунна нохчийн муьлххачу йуьртахь а карор йу. Доллучул холчахӏоттийнера Воронцов карахь доцчу кхачанан сурсаташа. Обоз хӏинца а элаца Бебутовца ӏаьндахь лаьтта, ткъа салтий мацаллина герга бара. Хьалха дӏадаха а ду кхераме. Йуханехьа ӏаьнда дерзаделча-м, кӏелхьардовла хьесап дара, амма тӏемаш хилла хьаннаш сийсош хӏинца Шемалан бӏаьхой бара. Хӏинцале а кхуза кхаьчнера Шемалан эскарехь тӏеман говзаллица гӏараваьлла майра наиб шелахойн Тӏелхаг. Цул сов, кхуза гулбелла йоккхачу Нохчийчуьра дуккха а нохчий. Йуха кӏегардовлар хьехочохь а дацара. Хьалха дӏадахча а, кийчча лаьтташ ӏожалла йара. Амма уггар хьалха салташна йуург йезара.
10-чу июлехь Даьргӏана лакхахь, ӏаьндойн ломахь, Речӏел цӏе йолчу дукъахь йоккха топ йелира. Обозца ша цига кхачар хоуьйтуш, инарло Бебутовс бина хаам бара иза. Амма, нохчаша сийсочу хьаннашна йуккъехула а йаьлла, обоз кхуза кхачалур йу бохург хьехочохь а дацара. Обозна тӏе а кхачий, цигара ранцаш чохь сухарш йан коьртехь инарла Клюгенау а волуш ах отряд хьажийра Воронцовс. Оцу отрядан авангард тӏехь куьйгалла дар инарлина Пассекна тӏедиллира.
Иза дара Шемална луург. Цо ма-аллара, Граббес ма-чӏагӏдарра, тӏом хӏинцца болабелира. Клюгенаун отрядна тӏе шелахойн Тӏелхаг хийцира цо. Жимачу дегӏахь, инзаре каде, даим а эттӏачу чоица хуьлу Тӏелхаг, оцу дийнахь цхьана минотана а са ца доӏуш, динара ца вуссуш, шийтта сахьтехь лийтира.
Буьйсанна, велла а, дийна а воцуш, эттӏачу мундирца Воронцовна тӏевеанчу Клюгенаус хаам бира, шен цхьа эзар ворхӏ бӏе салти а, эпсар а вийна цаьрца байъина инарлаш Пассек, Викторов йуккъехь, ша цкъа кхалла а сухар ца йеана аьлла.
Цигахь дакъа доцуш вайра Россехь шолгӏа Суворов хирг хиларх массо тешна волу майра, къона инарла Пассек.