Шайна ха деш веанчу шина накъостах цхьаьнца, Дакашца, сихха гергарло тасаделира Василийн. Иза куьцехь, каде жима стаг вара. Цуьнгий, командирей безам баханчу Василийс дийхира ша оцу отрядехь витар. Амма Аьрзус, гӏайгӏане вела а велла, корта ластийра. Василий артиллерист вацахьара-м, цо иза шеца сацор вара. Амма артиллеристаш дӏасабаха йиш йац Шемалан бакъонций бен. Имаман омра ду, ведда сехьаваьллехь а, йийсаре валийнехь а, артиллерист коьртачу наибна Тӏелхагна тӏевига аьлла. Нагахь Василийна и чӏогӏа лаахь, цо наибе иза шеца витар доьхур ду. Цуьнан бӏаьнан ма йу цхьа йоккха топ. Амма, Тӏелхагна тӏе Аьрзу ша ца вахча йа кехат ца йаздича, цунах гӏуллакх хир дац. Кехат йаздан гӏирс а бац. Доьхна гӏуллакхаш ду.
Цхьадика, Косолаповгахь кехат а, къолам а нисбелла, Аьрзус, масех дош тӏе а йаздина, иза Дакаше делира. Уьш Шела кхаьчча, Аьрзун кехат а дешна, Тӏелхага, Косолапов шеца а сацийна, Василий Дакашца йуха, Аьрзун бӏаьне, хьажийра.
Цул тӏаьхьа наггахь бен вовшашна ца гора Василийний, Косолаповний. Тӏаьхьо Косолаповх Тӏелхаган герггара гӏоьнча а, цуьнан артиллерин начальник а хилира.
1851-чу шарахь Тӏелхага хӏоттийна Шелара окоп паччахьан эскарша дӏалоцуш тамашийна хӏума хилира Косолаповца.
Тӏеман хьалхарчу шерашкахь шайна дуккха а зенаш хилча, паччахьан эскарийн командовани кхийтира Къилбаседа Кавказ карайерзоран догӏа Нохчийчохь хиларх. Элан Воронцовн урхаллин тӏаьххьарчу шерашкахь Малхбале Кавказан ламанхошна дуьхьал беш болу берриг а баккхий тӏемаш Нохчийн арен тӏехь хилира, эскарийн коьртакомандующи эла Барятинский волчу йерриг а Нохчийчоь йукъайогӏучу Аьрру флангехь. 1850-чу шарахь оьрсийн командованис шуьйра план хӏоттийра, дерриг тохар Аьрру фланге а дерзийна Нохчийчоь дӏалацарца, ламанхой шайн рицкъанийн а, тӏеман ницкъан а базех дӏахадо. Оцу цхьана шарахь Нохчийчу йоккха йиъ экспедици йира. Баккхий кхиамаш бехира оцу шарахь инарло Слепцовс Цоци-Юьрта а, Гелдагана а, полковникаша Баклановссий, Майделлий Мичка-хин йистошка а йиначу тӏеман операцеша.