— Хӏинццалц схьа ашшиммо левеш хилла со, цунде́ла, хӏинццалц ма ӏappa, су́на шуьца ӏан ца лаьа, со сайна ва́ла воллу, — аьлла.
Шайн ден хилла ба́хам кхаа де́къе бекъархьама, цо моллега а, цӏийнан хьахарчу баккхийчу нахе а ша́ волчу кхайкхира.
Хӏусамна́нас, шен марвашас даийтина долу жижиг а тесна, галнаш а йина, уьш хьешашна хьалха а хӏиттийна, цхьа-ши дош а́ла пурба лахьа́ра, аьлла, де́хар дира цаьрга. Ца́ра пурба делира. Зудчо цаьрга э́лира:
— Шух эхь-бехк дала лоьрийла, цкъа кху чуьрачо, су́на хьалха дозалла деш, э́лира, шаьш чӏо́гӏа дика вежарий ду, и гучудо́лу шаьш цхьана кертахь, цхьа ба́хам а болуш, бертахь ӏаш хиларца, аьлла. Майра а йаьлла, аса цуьнга э́лира, шуна йуккъехь барт о́ха, шун зударша, латтош бу, аьлла, цунна xlapa ре́за ца хилира. Цо соьга кхин цкъа а и санна дерг багах ма даккхалахь, э́лира. Цо бо́хург ца дича а ца йаьлла, со йист а ца хуьлуш, ӏадӏийра, амма, аса и ишта дуйла хьу́на хоуьйтур ду, аьлла, ойла хилира сан. И кхо́чушъйа меттиг а бе́лира. Цкъа жа тӏера цӏа во́гӏучу кхуьнан жимах волчу вашас ӏáxap балийра. Цунна урс а хьаькхина, и тила а бина, цунах кхо да́къа а дина, да́иманна санна, тоьлаш долу да́къа цо тху́на даийтира, цу тӏе корта а биллина. Жижигана йуккъехь ӏа́харан хьалхара гlуoгl а гина, аса хӏокхуьнга э́лира, хьан вашас, хьо ца ло́руш, хьу́на ӏа́харан хьалхара да́къа даийтина, шена тӏехьа́ра, тоьлашдерг а дуьтуш, аьлла. Хӏокхунна и тоьира, шен вежаршца доьвне ва́ла а, ден ба́хам бекъа шуьга кхайкха а.
Цунах гучу ца до́лу, — э́лира цо, хьешашка а йоьрзуш, — со нийса хиллийла, айса хӏокхуьнга шуна йуккъехь барт латтош дерш тхо, шун зударий, ду, аьлча, —
чекхдаьккхира цо шен къамел.
— Цу тӏехь хьо бакъ лоь, — аьлла, тӏетайра хье́ший.
Йуьхьӏаьржа а хӏоьттина, хье́ший дӏа а бахийтина, шен вежаршца тайна воккхах волу ваша. Цу хе́нахь дуьйна, цкъа а дар-да́цар ца хуьлуш, бертахь ба́ха хоьвшина уьш.