Ца хаьа, су́на ца хаьа,
Со хӏокху дуьнен чу во́гӏуш,
Хӏун дара дуьнен чохь до́луш,
Хӏун ду ас деанарг сайца.
Тхан йуьрта йистера таьллаш,
Кертара сийна бай, татол,
Су́на мел девзина адамаш —
Ванах, и дерриге дарий-те́?
Пхийттара ва́лале су́на
Йезна тхан школера йоӏ а,
Цуьнан и шатайпа йелар —
Гӏан-м ца хилла-те́ иза?
Сан на́на, со цунах хьерчар,
Сан да́да, цо наггахь хьастар…
Эзар шо хир ду-кха даьлла,
Йа иза хила а хиллий-те́?
Эскарехь, дешар тӏехь, балхахь…
Да́хар ду о́лучу дашо
Чуло́цуш мел до́лу суьрташ…
Ванах, уьш баккъал а дарий-те́?
И мотта делла-те́ су́на?
Хӏун ду ас кхоьллинарг сайна?
Хӏун дара до́луш дерг ша-ша?
Мичахь ду уьш къасто доза?
Ца хаьа су́на, ца хаьа…
Бакъду, кхин цхьа хӏума-м хаьа,
И су́на девзинарш, гинарш —
Адамаш, гергарнаш, йезар,
Тхан йуьрта йистера таьллаш,
Кертара сийна бай, татол...
Сол тӏаьхьа цхьанна а гур дац,
Сол тӏаьхьа кхин цкъа́ а хир дац.
Со велча, уьш соьца дӏадевр ду,