Цхьа накъост ву-кха сан, и соьца дуьнен чу ваьлла,
Кхано со дӏаво́луш, ша́ соьца дӏаве́р ву, аьлла.
Со мичча водарх а, иза со вахханчу воьду,
Ас хӏуъа лелорх а, оьгӏаз гӏой, дӏа а ца воьду.
Со цхьана минотехь ше́н мараволлар бен, цунна
Оьшуш дац, ма бо́ху, дуьнен чохь даккхийчех хӏума.
Су́начул чӏогӏа а деза, бах, цунна сан да́хар,
Да́има сан гӏопехь вижна ву бо́ху и на́ха.
Иштта ву-кх сан накъост–ӏо́жалла… Ца хаьа су́на-м
Хӏун хир ду дуьнен чохь адамна тешаме цул а.