Лозуш берг цхьа пӏелган
Буьхьиг бен ба́цахь а,
Дерриге куьйгана
Цо тоам бо.
Кхоссалуш, лач теснарг,
Цхьа гӏулч бен йацахь а,
Цо дегӏан боларан
Шовкъ талхайо.
Дуьненахь йоккху хан
Мел йе́ха йелахь а,
За́мано, дӏакхоллий,
И кха́чайо.
Бо́латан лам таттал
Ницкъ болуш велахь а,
Цо, марахьарчавой,
Дӏакха́чаво…