Гобаьккхина лаьттачу лаьмнашна йуккъехь ӏуьллуш йара цхьа жима йурт. ӏуьренца лекхачу ломана тӏехьара къежаш гучу а болий стигаланан лакхене болура дашон малх. Ткъа суьйренга гӏоьртича, стиглара охьалахлой, ломана дукъна тӏехиича санна соцунгӏа а хуьлий, тӏаккха буьйсана садаӏан дӏакъайлаболура хаза малх.
Эвлайисттехь, йуьртан бажа цӏабогӏучу хенахь шайн-шайн бежнашна наноша дуьхьала ваийтина йалх шераш хир долуш кхоъ кӏант вара. Уьш-м цхьа хӏума къуьйсуш бохкура го а бина, гена боццуш цӏабогӏу бажа а ца гуш. Чубузун цӏийбеллачу малхе куьг а луьйцуш сихвелла жимачу Халидас бохура:
-Тхан ненан муьша галина чу-м дера хуура бара иза.
-Вайга кхаанге хьала ма айбалура бу иза, - тӏетайра, дегӏана накъостел ондо волу Сайхан.
Ткъа кхаанех массарел а лоха а горга а волу Ризван цкъа цхьанге хьожуш, тӏаккха вукхуьнга хьожуш, ша хӏун аьлча нийса хир ду ца хууш лаьттара. Амма накъосташа хӏуъу а дахь, царна тӏаьхьахӏотта кийча-м вара иза а.
— Йетт-эсий нанига ӏалашдайта керта а лаьллина со ведда схьавогӏу делахь. Тхайн доккха муьша гали а дахьа аса сайца, - элира Халидас, йуххе кхаьчна богӏуш бажа а гина. Иза а аьлла ша дӏахьаьдда воьдушшехь накъосташка мохь туьйхира цо:
— Кхуззахь вовшаха кхетара ду вай, малх ломана дукъна тӏе охьалахбалале!
Кхоъ кӏант сихвелира бажана йуккъера шайн-шайн бежане бӏаьрг тохан, уьш тила а делла кхечанхьа дӏа ца дахийта.
Малх а бара кӏенташца къовсаме баьлча санна сихбелла ломана тӏе охьахаан гӏерташ. Йуьртана йисттехула декаш догӏучу шовда санна сирлачу татолана дехьа а иккхина бешана йуккъе тилира кхо кӏант дукха хан йалале. Иштта нийсса ах некъ бацбора цара шайна, малх тӏехаан сихбеллачу лома боьдучу некъана тӏекхача.
-Аша шимма маьштин гали бухалаьцчахьана аса теттина чукхуссур бу шуна – сихваларна хедачу озаца алан кхиира Халид.
Амма оцу минотехь кӏенташна гира ӏожан диттана тӏехьара схьаваьлча санна цӏаьххьана гучуваьлла стоьмийн беш ларош волу хехо, воккъха стаг Садо. Кхо кӏант ӏежийн беша волуш нислора наггахь, хехочуьна бӏаьрг тӏера тилича. Бераша доккха зе ца дора бешана, амма, Садос генара гӏаж ойбура бераш къахкош.