Цкъа хьалха бе́ралла хуьлу. Бе́ралла иза оьмаран ӏуьйре йу. Ткъа делкъе – иза да́харан къо́налла йу. ХӀаъ, цхьайолу ӏуьйренаш шелйелла, кхоьлина йо́гӏу, йуха делкъехь, беснеш тӏехь кӏаг хӏуьттуш, малх белало. Малх – иза ахь хьайн да́харан ирсах дог диллинчу хе́нахь хьу́на тӏехьоьжу Де́лан къинхетам бу. Йуха суьйре йо́гӏу. Къо́налла а дӏайаьлла, чохь-кертахь дерг дан а лууш, амма иза ницкъ а ца тоьаш, техкаш чу йоьду йоккха стаг йу суьйре.
Суьйрено вох ца во, суьйрено гӏан-на́барна тӏевуьгу. Ткъа суьйре дӏайаларца бо́даш бо́гӏу. Къаналлехь кхо́чуш хуьлу да́харан го. Керла ӏуьйре хьу́на ца йо́гӏу. Эцца, чурта тӏе диллина тхи доьлху хьу́на.
Да́харан шераш, къуркъмане сиха йахана за́ма…И хан а, хӏинц-хӏинца ловзуш, хьу́на тӏехбаьлла дӀабаханчу полланах тарлой, генна дӏайахна карйо. За́ма, хьан бе́ралла, бевз-бевзина керла чам, бос, хьожа хӏинца дагалецамашца хьо́шалгӏа гӏерта.
Бе́раллера, ирсе́чу хе́нара мӏаьргонаша дог делхадо хӀинца. Дагдо́гӏу, аьхка деана догӏа, цхьа ша́ маца ва́н веза хууш, веанчу хьешах тера хуьлура. Вай санна догӀане сатесна хуьлура вайн бошмаш. Беш йо́цуш нохчийн ва́н а ма ва́цара хьалха. Вайн бешахь бара кӏайн ӏаж. Наж санна стомма, цхьабосса дӏа́сакховдийначу ге́нашна тӏехь, пастан хьожа оьху, ӏежаш латадора цунна тӀе. И ӏаж тхан а, лу́лахойн а, доттагӏийн а, гергарчийн а, массеран а бара… Тахана, Ӏуьйранна дуьйна цхьа хьогаме дуьхьалхӀуьтту и Ӏаж.
Дагалецамаш. Догӏа догӏий, мох болура. Личийна бод делла бер санна паргӀат даьлла кардора Ӏалам. Тӏаккха беша хьодура хьо. Цхьаьннан а куьг тӏе ца кхо́чуш, ӏожан буьххьехь латийна хилла Ӏежаш сийначу бацала эгна карадора. Ӏежаш даккхий хуьлура, ткъа хьан уггаре а самукъадолург – ӏежаш шортта хуьлура. Туьйранан бешахь санна, хьайна без-безарг схьаоьцуш тӏе́да, сийначу ба́цалахь лечкъина кегий пастанаш санна долу ӏежаш кучан йух чу схьалахьадой, йодий чухьодура хьо... Ма-йоьдду метта йолура. Бовхачу метта. Ӏе́жаш кучан пхьош хьокхуш цӏандой, багахь мутт лоьлхуьйтуш дууш