Ги тесна тӏоьрмиг а, кочатийсина таьлсаш а долуш, берзина когаш тӏуьначу лаьттах а бетташ вогӏу Мансур, лекха гу хадош, шина берда йуккъехула чекх а ваьлла, гун вукху агӏонна тӏеваьлча, хьалха гира хӏетта сенарш этӏо доьллачу стоьмийн дитташа хазйина узбекийн йоккха йурт.
Шолгӏа де ду и шиъ гӏаш Наманганера схьавогӏу. Шолгӏа де а чекхдели. Дӏабуза лаьмнашна тӏе базбала гӏерта малх а. Шолгӏа буьйса а тӏекхаьчна йаьллера. Шолгӏа буьйса хилла а ца ӏа цаьршимма некъ бен. Тахана бархӏалгӏа де ду и шиъ луларчу областера схьаваьлла. Карасура Намангане цӏерпоштца веана и шиъ, ткъа бисина беха некъ берриге а гӏаш бина. Бакъду, гӏалара аравала а, араваьлча, Караташе боьдучу новкъа вала а ца хууш, Наманганехь ши де дайна цаьршиннан. Тӏехула тӏе, дӏа ког мел баьккхинчохь, бакъонаш хоьтту. Кхузахь атта вевза кавказхо. Хьо кавказхо велахь, нохчо йа гӏалгӏа, кхарачай йа балкхаро хила ма веза. Хьо царах велахь, спецпереселенец а ма ву. Ткъа спецпереселенцан бакъо ма йац ша вехачу районера дӏасавала. Спецкомендатурин бакъо а йоцуш дӏасавалахь, ткъе пхи шо хан йу хьуна. Иштта ду Молотовс буха куьг йаздина закон. Цундела, дуьхьал мел кхеттачу муьлххачун а бакъо йу хьан документаш хатта а, хьо йуьрта чу ца вита а, йуьртах араваккха а. Амма Матин а, Мансуран а карахь бакъо йу. И шиъ Покровке воьду. Цигахь ву Матин ваша Халид, цаьршиннан цхьа кӏеззиг гергара нах а.
Амма хала ду-кх къеначу Матина хӏара гена некъ бан. Къаналлина тӏе мацалла, цамгийла[8 - Цамгийла (диал.) – цамгар]. Пехашца йовхарш йу цунна. Кӏелвисина волуш лаьтта. Цхьаммо а машина сацайой ткъа хӏара шиъ тӏехао? Хьанна оьшу и ши тӏуьйлиг? Хӏумма а дац! Мухха кхаьчча а, дӏакхочур ву и шиъ. Йиша-вешина, йуьртахошна тӏекхаьчна, йицлур йу лайна халонаш. Хӏара а йу-кх и шиъ шайх чекхвийлла иттаннаш йарташ санна йурт. Гомий урамаш. Тӏе латта а тесна, нийса тхевнаш а тохкуш дина поппаран цӏенош. Гонаха поппаран баролашца го къевлина йуькъа бошмаш. Къаьсттина дукха йу кемсаш. Бакъду, хӏара йурт йоккха йу. Тамаша а бу, райцентр йацахь.