ойла йора Занус. Зануна хаьара дукха хан йоццуш Хелипатан цІийндай, вуьрхӏитта-берхІитта шарачу йахана гӏеметта хӏоьттина хаза йоӏӏий деллийла а, ткъа иза ша жимачу кхаа бераца Іазап хьоьгуш йуйла а.
Шаьшшинна вовшийн йевзича, Зануна чІогӏа йезайеллера и къинхетаме, догдика йоккха стаг. Ӏийшинчу баланашка ца талхалуш дисинчу цуьнан эсалчу хьажаро а, кІеда-мерзачу къамело а, йиначу нанас санна, тІеийзайора иза.
Сих-сиха шаьшшиъ Іандагӏна гергакхача йоллий а хьожуш, коьртехь уьйриг хилла хьийзаш йеза ойланаш а йолуш йоьдучу цаьршинна генна хьалхахьа, некъана иттех гІулч йуьстаха, Іуьллуш цхьа Іаьржа хІума а, цунна гонах хьийзаш жІаьлеш а гира. Шаьш герга мел гІоьрти а, иза адаман дегІах тарлора цаьршинна, ткъа гуттар а гергакхаьчча, и шиъ тийшира хьалхахьа Іуьллуш гург баккъала а адам хиларх. ЙогІучу кхушиннах бІаьрг кхетча, ши жІаьла меллаша доладелла коьллашлахь къайладелира.
Воьжна Іуьллург беркъа вухавелла воккха стаг вара. Ма-боггІу лергашна тІеозийна тиллина, цкъа цхьана хенахь безачу мехехь хилла, шен холхазах боьхна, хІуманна меха боцу боьмаша холхазан куй бара цуьнан коьртахь. Дерзинчу дегІа тІе йуьйхина эттІа, коржамаш а тийсина аьхна тужурка а, эттІа меттигаш тешций, бехчалгашций леррина тІеттІаийзийна аьхна тиша хеча а, берзинчу когашна тІетуьйдина неІаран мачаш а йара.
Голаш мара а оьзна, горгвелла Іуьллура воккха стаг. Цуьнга дІа а хьоьжуш, ца соцуш тІехйелира хьалха йоьду Зану.
– Собардехьа, Зану, тхан эвлара Аюб ву-кх иза. Лаа Іуьллий-те хІара кхузахь воьжна? – сецира тІаьхьайогІу Хелипат. ТІаккха, воккхачу стагехьа дІа а йирзина, цуьнга кхайкхира иза.
Шозза-кхузза мохь тоьхча а, воккха стаг вист ца хилча, йа меттах а ца хьайча, тІейаханчу Хелипата цІе а йоккхуш меттахъхьавира иза.
– Миска Аюб- йаІ, – гІийла мохь белира леррина цуьнан йуьхьа тІе хьаьжначу Хелипатан. – ХІара-м велла Іуьллуш хилла…
Шена хезначу дешнаша хІумма а цец ца йаьккхира Зану, амма тІе а йахана, воккхачу стаге хьаьжначу цуьнан дагахь цкъа а дицлун доцу сурт дисира. Цунна хьалха Іуьллура кІайн йеха маж а йаьлла можа йуьхь. Аьрзунан зІок санна, хьаьвзина дукъ тІедаьллачу мера чуьра а,