Кхетий хьо, накъост капитан, лачкъийна вигна а, хьо а воцуш цунна тӏе йухаверза йиш йац сан… Хьайна хаахьара, тхойшинна вовшийн мел чӏогӏа дукхавеза. Тхан дивизин разведкин начальник ву иза. ӏаламат майра, каде, хьуьнаре, догдика… Тӏом болабеллачу хьалхарчу дийнахь дуьйна схьа даим а цхьаьна ву тхойша. Хьайна хаахьара, иза мел дика кӏант ву…
– Генахь вуй иза? – хаьттира ӏалхас.
– Пхи-йалх километр.
Сихха полкан командирна тӏе а вахана, шена тӏеӏоттаделла гӏуллакх цуьнга дӏадийцира ӏалхас. Вуьшта а ӏалха догдоьхна лелий хуучу полковнико, дуьхьало ца йеш, оцу буьйсанна мукъа витира иза. Говрашкахь воьду хӏара шиъ ах сахьт далале дӏакхечира йаьгна чим хилла лаьтттачу хьуьнна йуккъерчу жимачу йуьрта. Ларамаза дийна дисинчу деккъачу цхьана цӏа чохь ӏуьллура чӏогӏа чевнаш хилла масех салти. Узарш деш, синкхетамах а бевлла, харцлуьйш ӏохкучу царна гонах хьийзаш лорйиша а, капитанан чинехь хирург а вара. Баьрччехь, кӏел сийна буц а йаржийна, оцу тӏетесначу плащ-палатки тӏехь, берриге накха а, хьаж а бинташца дӏа а лаьцна ӏуьллучу дархочунна тӏевигира иза сержанто. Дархо, ши бӏаьрг а биллина, ӏалхега хьаьжира. Цуьнан дог-ойла айъалур йацара-те аьлла, салам делира ӏалхас.
– Ва ӏалайкум салам! Бехк ма биллалахь, со хьала ца гӏаттарна…
Дархочо са чоьзча, цуьнан накха этӏачу левсих тарлора.
– Лейтенант Магомадов, хьуна къамелдар зуламе ду! – схьа мохь туьйхира корехь лаьттачу капитана-хирурго. – Хьо тыле дӏа хьажавале, хьо кхоош хьайн дегӏе жимма ницкъ баийта. Хӏинца-хӏинц машина кхочу бохуш ладоьгӏуш ӏа со.
Лейтенант велакъежира:
– Алексей Михайлович, со ӏожаллех цкъа а ца кхийриний хьайна хуъушехь, хӏунда дуьйцу ахь иза? Со кхузахь вуьсур волуш ма ву. Цул, со а витина, шу дӏадахале, жимма къамелаш де вай…, – дархочо шен ши бӏаьрг сержанте хьажийра. – Баркалла хьуна, Вася. Шуна кхета хала болчу тхоьгарчу балано кхайкхийти соьга хӏара махкахо сайна тӏе. Айхьа суна мел доккха гӏуллакх дина, мел боккха там бина хьайна хаахьара, Вася… Тхо, нохчий, жима халкъ ду. Цундела эскарехь гӏуллакхдеш берш а кӏезиг бу… Эзарнаш километрашка йахйеллачу фронтехь масех миллион