Ша хӏетта кхоьллинчу назманца цо йийцира дайшна тӏехӏиттина халонаш, ца бухуш цара уьш эшор, Даймехкан, халкъан сий лардеш, маршонехьа къуьйсуш эгначу бӏеннаш халкъан турпалхойх дуьйцура. Цо чӏагӏдора нийсонал, бакъонал харцо тола йишцахилар, шен махках халкъ къасто ницкъ дуьненахь цахилар, кхойкхура собаре хиларе…
Назма дӏатийча, адам самаделира. Хезара забарш, беларш. Тӏаккха воккхачу стага, клубан жимачу сцени тӏе хьала а ваьлла, догцӏена вела а къежаш, адамашка хьаьжна, куьг хьалалецира.