Цигахь цхьа минот а йац тешам болуш. Хӏинцца дийна хуьлу хьо, ткъа цхьа минот йалале, мичара йогӏу а ца хууш йеанчу дӏаьндарго тухий йуьхьарвохуьйту. Кхузахь советан ӏедал хӏотточу шерашкахь басмачаш лоьхкуш лелла со а. Уьш мел къиза адамаш дара хьайна хаахьара. Амма фашистийн къизалло басмачаш а бицбина. Тӏехула тӏе, хӏара тӏом эзарзза нуьцкъала а, къиза а бу хьалха хиллачел. Керла герзаш, керла техника. Ткъа оцу бераша диъна уьстагӏий дицдер вай. Хӏан, вало, чай мала воьду вайша. Сту тӏаьхьа буьгур ас хи тӏе. Хьо а воцуш чу гӏахь, йуха а дов долор ду каьмпара.
– Хӏан-хӏа, Сарыбай, сан дӏаваха деза. Цхьанхьа-м лома кӏел велла ӏуьллуш тхан цхьа воккха стаг ву, боху. Иза цӏа ца валийча ца волу. Сайца бига накъостий лаха а беза ас. Амма, ахь хӏара сту а, салаз а сайга делча, накъостий лоьхуш къа а ца хьоьгуш, сихха вахана, иза цӏа валош вогӏур вара со. И гӏуллакх дехьа суна, берриге дика болх суна бинарг хир вара хьо.
– Сту-м, хьала-охьа а, лур бара ас хьоьга. Накъост ца хилча, хьо хьо ларор ма вац.
– Кетӏахь соьга хьоьжуш лаьтташ цхьа зуда йу. Тхойша ларор ду.
– Хӏан-хӏа, цунах гӏуллакх хир дац, акхсакхал. Хӏей, каьмпар! – чу кхайкхира Сарыбай – Йалол, чехкка йаха а гӏой, Тургӏанбай схьакхайкхал. Доккха гӏуллакх ду ала. Ма ӏелахь! Ткъа ахь и зуда цӏа йахийта, ӏабдулла- акхсакхал. Вай хилча тоьур ду.
И ши сту дӏабоьжна валале, лаьттах ӏаса а гӏертош, букар сеттина, схьавеара лулара воккха стаг Тургӏанбай.
Тӏетоьхначу догӏано тӏадийна, шелбина, лелхийна бигна, ломахь цхьана жимачу хьеха чу боьхкина Лоьма а, Берса а, Юрка а, Адашбай а, цӏа баха догӏа дӏатере хьоьжуш дикка ӏийначул тӏаьхьа, и соцург а ца хилла, цӏе а латийна, паргӏатбевлира.