– Доцца аьлча, гӏуллакх галдаьлла-кх вайн, – элира цо, куьйгах летта хатташ дӏа а бохуш, – дӏадаханчу шарахь адамаш даларна бехке-м мацалла а йацара. Хӏетахь вайн карахь цӏера деана мелла а йалта дара. И чекхдаьлча, карара сал-пал а йухкуш, хӏума эца аьтто а хилира. Махкаллаш деш белира дукха нах. Кху ӏай гӏелдин вай мацалло. Баккъалла а аьлча, дукха нахехь ницкъ а бацара шайна къастийна латта лело, балха баха а.
Хелипата аьллачо Зануна дагадаийтира бӏаьста, гуттар шайн гӏаддайча, ша куз бохка йахар. Иза бара шиъ-ах метр шуьйра, кхоъ-ах метр беха, хаза кечбина гӏажарийн куз. Зану Маиле йеача, ден-цӏа а йахана йуха йогӏуш нанас совгӏатна белла. Зануна хезнера, и куз мацах цкъа шен денанас, гомаш а йоьхкина, эцнера бохуш. Шаьшшиннан долара дерриге хӏума доьхкинчул тӏаьхьа а ца бухкуш, Занун ден а, ненан а безамна ӏалашбеш латтабора цаьршимма иза. Амма кху ӏай цӏеххьана цомгаш хилла, вехха меттахь висинчу Маилна кхачанна кхин дан хӏума а ца хилла, иза бохка арайелира Зану. Цхьана кертара вукху керта хӏуьттуш, йуьртах чекхйелира иза. Безачу кузах цуьнга кховдориг йа ах кийла даьтта, йа жимо ши хьокхам хуьлура. Хьанна хаьара, луларчу йарташкахь, къаьсттина царна бархӏ километр генарчу узбекийн йуьртахь хӏуттучу базарахь кузах ах мах бала а мегара. Амма Занун а, йа цхьана а нохчочун а бакъо йацара комендатурин бертаза цига ваха. Ткъа Маилан (цунна дукхавезачу, цуьнан гӏийлачу Маилан) кийра рицкъа дахаза масех де дара. Куз луччух дӏабохка дийзира. Иза суьйранна цӏа йеара, ах кийла даьттий, ши кийла нехчий, цхьа кийла хьаьжкӏийн ахьаррий дохьуш…
– Хелипат! – чӏоггӏа йистхилира Зану, иза уллохь йоцуш, ткъа цхьана генахь, мохь тоьхча ца хеззехь йолуш санна.
– Хӏун боху ахь, Зану? – цецйаьлла хьалатаьӏира Хелипат.
– Хӏун бехк баьлла доьхкина вай кху къизачу ӏазапе? Ма хала ду хӏара лан! Цхьа бехк баьлла, таӏзар токхуш делхьара а хӏумма дацара. Бехк-гуьнахь доцуш цӏийнах, махках баьхна бӏарзбина лело зударий, бераш… Хӏара-м адамана дуьйцу а цахезнарг дай, Хелипат… Стенна бехке ву и велла ӏуьллу воккха стаг, вайша, кхин а эзарнаш? Вай хьанна хӏун дина, Хелипат?…