Лоьма ша а дӏалаьцнера шен къамело. Цунна ца хааделира лелхачу арчанан дечигах схьакхоссабелла суй шен аьхначу хечин кога тӏе бужуш а, иза, кӏур туьйсуш, бамбех булуш а. Цо къамел ца сацийра Берсас и цӏе дӏайойъуш а.
– Нийсса шо хьалха, 1944-чу шеран феврала 23-чу дийнахь хилира и бохам. Тахана санна, кхоьлина деанчу цхьана кхаарин дийнахь. ӏуьйранна арабевллачу салташа тхан йуьртара берриге а боьрша нах школе гулбира. Советски эскаран де даздеш, собрани гулбо, бохура. Оццу ӏуьйранна, оццу минотехь изза динера нохчийн а, гӏалгӏайн а йерриге йарташкахь. Йуьртара берриге а боьрша нах чугулбелла бевлча, неӏаршка ха хӏоттийра. Корашна уллохула хевшинчу нахана арахьаьвсича гира, хӏора корана тӏе йуьхьигаш йерзийна хӏиттийна лаьтта пулеметаш а, церан логаш тӏе пӏелгаш дехкина, царна уллохь ӏохку салтий а. Адам цецделира. Иштта буьрсачу хьолехь хӏунда даздо Советски эскаран де? Мила ву царна кхерам туьйсуш? Йа хьанна кхерам бу оцу машаречу нахера? Уьш цецбевлла а бовлале, царна хиира, эпсарш собрани йан гӏерташ ца лелий. Хӏетталц оцу йуьртахь царна гина а, йа оцу эпсарийн духарх тера духар а доцчу цхьамма, дӏаса а ца хьийзош, нахе омра дира, шайгара герз охьадилла аьлла. Хӏун герз? Тилла-х вац хетий и эпсар? Амма эпсаро хеттарш дихкира. Цо пӏелг хьажийра нехан йукъах йихкинчу шаьлтанашна тӏе. Шуна хаийта боху ас, законехь нохчашний, гӏалгӏашний бакъо йеллера шаьлтанаш лело. Церан духаран цхьа меже и лоруш.