Амма церан ницкъ бацара и алха ерчо сацо…
Амма оцу догдикачу салтийн эзарнашна йукъахь къизаниш а бовлура. Ишттачара хан ца лора некъана кечамбан а, оьшург схьаэца а. «Даймахкана йамартхой!», «Бандиташ!», «Фашистийн хьадалчаш!», «Аш Гитлерна гӏо дина тхан доьзалш хӏаллакбан!» – бохуш, чехош, ӏуьттуш нах хьалхатуьттура цара. Тхо машина тӏе дохучу буса суна хьалха нисйелира жима бер карахь зуда. Цкъа а машинашна тӏе мичхьахула а, муха йала йеза а ца хаьа, тӏехула тӏе карахь жима бер долу иза хьейелира тӏе ца йалалуш. Йуххехь лаьттачу салтичо катоьхна ког лаьцна цуьнан карара схьадаьккхина бер кхоьссина йуьстах лайлахула дӏадахийтира. Мохь хьаькхна тӏехьаьдда нана, и схьа а эцна, кхоьссина бер хьалха тӏе а дахийтина, сихха хьалайелира.
Ас бехк ца буьллу оцу салтичунна. Хьанна хаьа, цхьанхьа фашисташа хӏаллакбина хила тарлора цуьнан доьзал. Мостагӏех бекхам эца лаарх дуьзна хила тарлора цуьнан дог. Хьанна хаьа, цунна хьехна хила тарлора, нохчаша гитлеровцашна гӏо дина, уьш йамарт нах бу, хьан доьзал церан гӏоьнца хӏаллакбина бохуш. И бакъ моьттуш, оьгӏазло йоьссина хилла хир йара-кха цуьнан даг чу.
И буьйса йаккхийтира тхоьга эвла йистехь, йерзинчу стигла кӏел. Гӏодмийн цӏевнех, истангех цхьа баннаш, четарш тайпа бахьанаш хӏиттош, цу чу мох ца кхете ловчкъийра бераш. Буса сахиллалц йагош цӏераш, царна гонаха, кӏуьро бӏаьргаш ӏийжош, хевшина ӏара адамаш. Ткъа гонах луьра ха лаьттара. Туьпа тӏе а йерзийна, гунашна тӏе хӏиттийна пулеметаш. Гонах хьийза автоматчикаш. Цаторчу гӏуллакхна а йуьстах ца волуьйтура цхьа а.
Шелоно сендинчу берийн белхарш. Цомгашчийн узарш. Хехоша детта маьхьарий. Оцу йуккъехула салташа пондарш а, эшарш а лоькхура. Кхоьлинчу стиглахула кхерстий, шийлачу дорцаца лаьтта охьадоьлхура къеначара олучу сингаттамечу назманийн аз. Наггахь, адамийн дог-ойла ойъуш, декара халкъан иллеш. Цхьаццанхьа йукъ-кара хелхаран бал а боккхура.