Йургӏанан маьӏиг дӏа а тосий, корта гучубоккху Занус. Хи чу ӏоьттича санна, хьацар доьлла йуьхь. Цунна тӏелетта ӏаьржа месаш. Кхохкийначу бӏаьргаш чохь лепа чухӏиттина бӏаьрхиш. Оьгӏазе шок йетташ, товханна чухула охьахьоькхучу мохо сихха шелдо йуьхьа тӏера хьацар. Арара гӏовгӏанаш дӏатоь.
Занус шен корта йуха а йургӏанна кӏел буллу. Йуха а уьйриг хилла горгделла цуьнан эгӏаза дегӏ дегадо, йуха а йеттало цергаш, садеӏар чехкадолу. Коьрте цхьа башха ойланаш хьийза, бӏаьргашна хьалхахӏуьтту бес-бесара суьрташ…
…Генахь йисина йина йурт. Цигара исбаьхьа ӏалам. Школехь доьшуш даьккхина ирсе ворхӏ шо. Жимчохь дуьйна цунний, Маилний йукъахь кхоллабелла безам. Цӏеххьана иккхина тӏом. Хӏетта ткъайасна шо кхаьчна Маил шен лаамехь фронте вахар. Зану коьртехь а йолуш колхозехь вовшахтоьхна мехкарийн звено. Тӏом толамца чекх а баьлла, Маил цӏа а вирзина, цуьнца цхьаьна хӏусамехь гуттаренна а йаха охьахаа ша сатийсар. Курскана уллохь шена чов хилла аьлла, Маилера деана кехат. Масех бутт баьлча цхьа ност йоцуш, некха тӏехь орден, медалаш йолуш винчу йуьрта иза цӏаверзар. Шаьшшинна вовшийн дуьххьара гина буьйса…
Иза дара Занун доттагӏ Асет йолчохь. ӏасанашна тӏе а тийжаш, неӏарх чоьхьаваьлла Маил, дуьхьал хӏоттийна лаьттачу гӏанта тӏе охьа а хиъна, ӏасанаш улло пенаца дӏа а хӏиттийна, вела а къежна, Зануга хьаьжира. Зануна гора шена хьалха хиъна ӏен оза, ӏаьржа йуьхь йолуш, ӏаьржачу месашна йуккъехь сирделла чоьш долуш жима стаг. Маил хийцавеллера. Бӏаьргаш а бацара, хьалха санна, самукъане. Мел иза лачкъо гӏертарх а, царна чохь гӏайгӏа гора Зануна.
Зану, охьахаа ца кхеташ, ирахь лаьттара.
–Тӏаккха, Зану, хьан гӏуллакхаш муха ду? – хезира цунна Маилан хийцаделла аз. Бӏаьрхиша тӏехула марха тесначу Занун бӏаьргашна хьалха шалхадуьйлура Маилан сурт.
– Хьо йист ма ца хуьлу? – бохура Маила. – Ирахь ма латта, охьахаа.
Зану йоккхайера цӏа чохь шаьшшиннал сов кхин адам цахиларх! Шен берриге а ницкъ тӏебахийтина, ца йелха гӏерташ, къурдаш деш, шеддаш логехь сецадора цо. Амма ницкъ кхачалуш лаьттара. Цунна гора, мацах цкъа самукъане, могаш, каде хилла, ткъа хӏинца цхьа ност йоцуш, дуьненан самукъанах хаьдда, хеназа къанвелла цуьнан хьоме Маил.