– Иза-м кху чохь вай, Асвад. Хӏуна хӏун моьттура? Со къона хиларх, цхьана шарахь бен майрачуьнца цхьаьна цайахарх, со майра везаш лела-м ца моьттура хьуна? Со, цӏийнда а велла, йиша-вешех а йаьлла, гӏаддайна, цамгаро а лаьцна, кху хьайн сени чохь охьайоьжча, ас сайн сий а, оьздангалла а йухкур йу-м ца моьттура хьуна? Бакъ дац, Асвад, хьуна моьттург! Сан кийрахь детталург-м нохчийн зудчун, оьздачу зудчун дог, пхенашкахь кхехкарг нохчийн цӏена цӏий дуй! Амма хьан дог а, цӏий а шеконехь ду!
– Сацийта ца боху хьоьга, йилбаз! Цхьанна хозуьйтур ду ахь.
– Хезан шена! Дависарг-йаӏ, ас, тӏе а йаьлла, мохь тоьхча, дуьненна а хезар долуш цхьа лекха лам белара, адамашна ма-варра вовзуьйтуш, хьо дӏакхайкхо! Иэхь хетар дарий хьуна? Дацара, Къорӏанора-кх! Иэхь хета йуьхь а, йахь а мичахь йу хьан!
Зану, шен тужурка тӏе а йуьйхина, дегочу куьйгашца шен йургӏа а, истанг а дӏахьарчо хӏоьттира. Тӏаккха, царна тӏехула къевллина бухка а бихкина, уьш шен ги а тийсина, сонехь ӏуьллу ша дечке лело жӏоммагӏа кара а эцна, арайала кечйелира иза.
Асвад кхеравелира. Хӏинца арайалийтахь, цо-м иза нахала воккхур ву. Цаьршиннан хилла къамел цхьанна хазахь, иза велла дӏаваллалц цуьнгахь безам хир бац цхьана а стеган. Зударшна, тӏехула тӏе, гергарчу зудчунна, йамарт хиларал доккха эхь ма дац нохчийн. Иштта стаг, тӏулгаш детташ, къиза вуьш, йуьртах а, махках а воккхуш хилла. Ткъа несана йамарт хилла бохург дуьйцу хезна а дац. Кхеро йеза хӏара.
– Ахь хӏун до? – Занун некъ лецира цо.
– Хӏун до бохург, хӏун ду? Арайолу-кх. Кху хьайн йамарт цӏа чохь со кхин дӏа а йуьсур йу-м ца моьтту хьуна?
– Арайаьлла, стенга гӏур йара хьо? Хьо дагайоьхна ӏаш бу-м ца моьтту хьуна нах?
– Дуьне доккха ду. Сайн ӏожаллина меттиг миччахьа а карор бу суна. Кху чохь йалар а сийдоцуш хета суна. Ткъа нахах жоп ахь ма ло. Хьо санна, боьха дац адамаш…
– Ас хьоьца йинарг-м забар йарий
– Хӏаъ, оьзда забар йу иза-м!
Ша бохург ца хуьлийла хиъна Асвад ша лелийнарг кхечу агӏор дерзо гӏоьртира.
– Хьо нах безаш йу бохуш, хезнера суна. Цундела хьо зен гӏоьртира со…
– Зейелин хьуна?