Стенга гӏур йара иза? Асвада ма-аллара, цхьа а вацара иза шайн хӏусаме йаре сатуьйсуш. Вац цхьа а йуьртахо а, гергарниш а. Цхьа волу цхьа йуьртахо марваша Асвад а йамарт хили. Мичахь бу-те бисинарш? Ца хаьа. Хьаьнга балхо беза дагна ӏаьткъина къаьхьа бала? Вац цхьа а.
«Вац цхьа а. Сайн нах лоьхуш, бӏаьргаша йуьгучухула дӏайахча? Хӏан-хӏа, тӏаккха а гена гӏур йац. Баттахь шозза вогӏу комендант нохчашка куьйгаш таӏадайта. Иза ван ши де бен ца дисина. Куьг таӏо шена тӏе ца йеача, цунна хуур ду хӏара йедда йаханийла. Тӏаккха тӏаьхьа орца доккхур ду. Йа орцане а ца хьоьжуш, хьалха тӏекхаьчначу милцочо йухайалор йу. Тӏаккха, хан тоьхна, Сибрех йохуьйтур йу…
Зану, йуьртал ара а йаьлла, шакъаьстина лаьттачу гу тӏе хьалайелира. Кхузахь нохчийн кешнаш дара. Дуьххьара дӏавоьллинчу шинна-кхаанна гӏевланга хӏиттийна халла къаьсташ тӏе цӏераш а, терахьаш а йаздина шога тӏулгаш дара. Жимма тӏаьхьо беллачеран гӏевланга йоьгӏна ӏандагӏан дечкаш. Царна тӏера йозанаш тоххара дӏадайна. Ткъа дисинчу кешнийн гӏевлангахь йоьгӏна хӏумма а йац. Тӏе буц йала а кхиале, бицбелла оцу баьрзнашна кӏел берш. Церан тӏаьхьенаш дӏайевлла, йа мацаллина ӏохкуш йу. Белларш дагабогӏучохь дац дийначийи хьал.
Кешнийн баьрзнашна йуккъехула хьийзаш йоьду иза. Гӏевланга боьгӏна гӏамаран лоха тӏулг а болуш, тӏаламечу куьйгаша боккхачу безамца хьаьхначу кошан борзана тӏехь соцу цуьнан ши бӏаьрг. Цигахь дӏавоьллина цуьнан хьоме Маил. Цунна тӏейогӏу иза даим а, шена бала базбелча. Кхузахь Маиле далхадо цо шен дог. Цуьнан бӏаьргех ӏенначу мелачу хиша кхиийна оцу кошан борза тӏера йушанан корсам.
Зуда цкъа кошан гӏевланга охьалахло, тӏаккха, цхьа дуьхьало хаьддачу хих тера, цӏеххьана мохь олий, барз мара а къовлуш, цунна тӏейужу. Хӏан-хӏа, иза зударийн цӏогӏане йелхар дацара. Дуьххьара баьллачу маьхьарна тӏаьхьа хезара беха узам. Шен садукъдала доьлча, логе ка а детташ, гӏайри тӏе тесначу чӏеро санна, бага а гӏеттош, йуьхь сенйелла, халла сауьйзура цо. Дегӏера ницкъ эшар дара а хаац, йа йелхаро дог хьаийна дара а хаац, амма зудчун йелхар, тӏаьхь-тӏаьхьа лагӏлуш, эххар а дӏатийра.