Дӏаоьху, дӏаоьху гунаш
Хаддаза дӏо́ анайисте.
Къинтӏера бе́р буй те́ су́на
Ас хьоьшу кӏо́таран синтем?
Дӏаоьху, дӏаоьху гунаш,
Со шайна тӏаьхьа дӏавоьхуш.
Къинтӏера бе́р буй те́ су́на
Ас дитча, уойлано лоьхург?
Цу шина хаттаро тховса
Со хӏунда гӏаттийна техьа,
Бӏаьргана ца гундерг довза,
Сица лан ницкъ бо́цург леха? .
Верриг а со хилларг ву со,
Делахь а цхьажимма вайна.
Кху лаьттах йекхачу буса
Цунде́ла йазлой те́ гӏайгӏа?
Верриг а со хилларг ву со,
Делахь а цхьажимма кхетта.
Кху баттал лекхачу буса
Цунде́ла гӏуьттий-те хеттарш?
Цу шина лаамо тховса
Со хӏунда гӏаттийна техьа,
Цкъа а ца девза дегӏ довза,
Цкъа а ца лехна дерг леха?