Хьалхарниш къайлабевллера, цӏехьа боьду некъ а бацара карош. Лекхачу гӏа тӏе а даьлла, туьйлиг йолу агӏо билгалъйаккха гӏоьртира Чонга. Амма цунах гӏуллакх ца хилира, иччархошца цхьаьна талла даха лууш делахь а, иштта ша цхьаъ бецашна, къухашна йуккъехь диса лууш ма дацара жима Чонга. Хаъал дагчу кхерам а тесна, доьхна хьийзара иза. «Ванах, уггаре лекхачу бецан буьххье а даьлла, чуьра ма-боллу, «Орца дала! – аьлла, мохьтоьхча хӏун дара техьа?», - дагчу иккхираЧонгира. Иза лекха сугӏ-бецана буьххье делира, амма деганкуралла, и ойла сиха эккхийра йахь йолчу Чонгас: «Талла дахалууш ма дара со, хӏинца меттиг бели-кх суна, иччархошна а, туьйлигехь ӏаш-бехачарна массарна а сайнницкъгайта, со доккха хиллийхаийта», - бохуш, ойла йораЧонгас.
Гӏийлачу мохо техкочу сугӏ-бецан дуткъачу гӏа буьххьехь оӏлане даьлла ӏара жима Чонга. Дикка хьалааӏбеллачу дашочу малхо, гилдигашдохуш санна, йовхачу зӏаьнаршца хьоьстура иза. Амма малхехьдохделла дегӏ мелла а бодделла ӏаш долу Чонга, цӏаьххьана кхерадала кхин а цхьа бахьана делира. ӏуьйранна шен кӏорнешна йуург лаха арадаьлла, можа мас йолу хьоза хиира Чонга тӏехь ӏаш долчу бецан лекха ирахйаханчукуллангаьн тӏе. Можачухьозанна-м Чонга дукха жима ижу дера йара, делахь а, цкъа кхаллал хӏума йара-кх. Цундела Чонгассихо йира бецан гӏана буха дӏалачкъа. Ткъа можачухьозанна-м Чонга ца хилча а, ижукарийначух тера дара. Коьллашлахь, гӏаш кӏелахь. Гулделлачутихилахь, ӏуьйренан малхах дӏалевчкъина, набарнатевжина йолучуьркаш, гӏевттина, баца тӏехула а, кулланатӏехула а хьийзара. Можа хьоза куллана тӏе охьахууш, цо дерриг а генаш, тӏера тхиш а эгош, меттахдаьхнера. Чуьркаш, вовшаххьерчаш санна, хьийзара, хӏун хилла ца кхеташ. Ткъа можачухьзанаоьшушдерг иза дара-кх. Иза, тӏома а даьлла, сихонца удурачуьркашна тӏаьхьа, шена ижу лаца гӏерташ. Амма чуьркаш а, сихха самайевлла. Мелла а каде дӏауьдура хьозанах. Уьш сихонца лечкъайуьйлирабецан гӏашна кӏелахь. Чонгина чӏогӏа лаьара, хуьлуш дерг хӏун ду хьажа. Ша мелла а чӏогӏа кхераделлехь а, иза гӏа ӏисттехула бухара хьала хьоьжуш дара. Амма, цӏаьххьана можачухьозаноэккхийна, «зум-м-м!» а деш, йедда цхьа мокхачуьрк, йеанаЧонга ӏаш долчу гӏана буха иккхира.