Чонга а, сихха хьалаиккхина, гонаха хьежа дуьйлира; иза а ца лазийра кхин башха чӏогӏа. Амма кхин а цхьа бахьана дара Чонга ца лазоран. Шен кена тӏехь ма хиллара, лаьтта бухахь, инзаречухари чохь, дуьззина кӏен буьртигаш дара, цу тӏе доьжна хиллера зингат. Йоккхачу оьпано, шена ӏаьнан кечам беш, гулдинчух тера дара и кӏа. Кхузахь-м дера хир дара, оьпехдисича а, йерриге а зингатийнтуьйлигна а дийнна ӏа даккхалтоьур долуш йалта. Чонгас, дукха чӏогӏа хазахетта, шикхоъхелхаранго а баьккхира. Цхьана кӏен буьртигахйаьккхина, цург а йиъна, кӏедачу кӏен кан тӏехь агӏор а даьлла, дикка садаьӏира цо. Хӏинца Чонгинауггаре а коьртаниг дара кху хари чуьра ара болу некълахар. Амма иштта атта гӏуллакх-м дацара иза. Ирах хьаьжча, гуш бецангенаш а, синастигал а йара. Амма гена дара-кх и бецангенаш. Боккха кӏен буьртигги а тоьхна, цунна бухахь халла бен гуш а доцуш, хьалагӏертара Чонгахарин пенатӏехула. Кӏен буьртиг дукха беза болуш, дикка хьаладаьллачул тӏаьхьа, ницкъ а ца тоьий, йуха чухецалоразингат. «Дап!» - олий, Чонгицаний кӏен буьртиг а чубужура. Йуха а, къар ца луш, хьалахьодуразингат, амма, гена далале, чудужура. Кӏен буьртиг а боцуш, ша-м атта хьаладалалур дара Чонга, амма шен чӏагӏо кхочушйан гӏертара иза. Кхузахь буьйсайаккха реза дара иза, десакуьйгаш а ластийна, цӏа ца даха. Кхин аьтто ца балахь, иза дан дезаш хила мегаш а дара-кх.Чонга дикка ӏийнера садоӏуш а, ор чуьра хьаладала гӏерташ а. Хан, делкъалтӏех а йаьлла, суьйренга гӏоьртинера. Эххар а, шен буьртигцахьаладалар ца хилча, иза а битина, гонаха хьажадагадеараЧонгина. Чохь ӏаьржа йелахь а, хӏора ӏуьрга хьожуш, мосуьйттазачекхделиразингат, амма кхин харичуьраарадала меттиг ацкарийра цунна. Цкъа иштта го а баьккхина, кӏаддела, пенах букъ таӏийна, охьалахделиразингат. Амма пенанметтанна, пенах долчу ӏуьрга чу нисделира и. Лаьтта бухахь лелаш болчу нӏаьно даьккхинчуготтачу ӏуьрга тӏе ничделла хиллера Чонга. Иза агӏор хьаладоьдуш дара. Цу чухулахьажахьалахьаьдирасамукъадаьллазингат. Жимма хан йаьлча, Чонгалакха тӏехь дара.