Вахит Хаджимурадов
— Ва, баба, ма даккхий бӏогӏамаш деъна вайна, тарахтор йоьттина! Хьажахь, арайалахь! – чуиккхира диъ-пхиъ шо хир долуш волу жима кӏант Сайдӏали.
Лохачу паднара тӏехь урчакх хьийзош къежбина, мархийн тачанаш санна кӏайн, шена уллохь хьалабоьттина тӏаргӏа хьовзош ӏаш йара Сайдӏалин ненан нана Ребӏат. Куьзганашна кагъбеллачу цхьана тӏомана метта бихкинчу бедаршна тосучу кӏайн пханан йуткъачу асано коьрта тиллинчу къорзачу йовлакхна го баьккхинера йоккхачу стеган. Иштта чӏогӏа пхаца шен коьрта тӏехь дӏанисдина куьзганаш схьадохийла а дацара, цундела Ребиӏат стоммачу куьзганийн аьнлешна чухула шен йуьхьтӏера ойла ца хуьйцуш хьаьжира жимчу кӏанте. Сайдӏалин-м собар ца тоьура горгачу аьнглешна чухула даккхий гуш долчу Бабин синпаргӏатчу бӏаьргашка хьежа. Сиха когашна тӏера лоха «казахийн» олуш йолу калош оьхьакхиссина лаьтта диллинчу къорза-мокхачу истангана тӏехула хьаьдда Бабин уллохь гулбина тӏаргӏа мохаца ойбуш паднарна тӏекхоссавелира кӏант. Керла дина делахь а цӏерадаьхначу хенахь Казахийн къизачу шелонийн аренгахь санна таханенна аьлла дича санна дуьйцина дина лоха жима цӏа дара кхеран. Тхевна тӏетоьхна ӏаьржа кехат дара, шатухуш догӏа деъча а, лула-куларчу бераша тӏулг кхоьссича а ӏаьржа ӏуьрг а дуьсуш тӏехь. Жимма паднарал лекха долчу жимчу корах аравогӏавелла шен жима хьажориг пӏелг хьежабора Сайдӏалис некъехьа:
— Баба, ва, баба! Хьажахьа мел дукха бӏогӏамаш! Мел нийса а ду уьш! Вайшиъ йоккхачу хьуьнха дахача, цигахь-м дацара иштта нийса цхьа дитт а! Хьажахьа, ва, баба!
— Вайна бӏогӏамаш дан стаг а ма вац. Вайн шаверг а боьрша стаг Казахстанехь мацалло, шелоно, цамгарша дӏа ма эцна. Жимаха волу Шамсудди мукъна а дийна висинехьара. Хьо цхьаъ ву-кх хӏокху цӏийна тӏехь къонахех висинарг, — шен ойланаш йора Ребӏата, цӏеххьана йолучул а къанйеллачу йуьхьтӏера лозам дӏакъахкон гӏерташ санна.
— Дера ду-кх вайн кетӏахь охьадассош дукха бӏогӏамаш, — шен ненан нана ца тешар новкъадаьллера кӏантана, бӏаьрхи хьаддал чӏогӏа.
Йоьӏан кӏант холчахӏоттар хааделлачу Ребӏата эххар а йуьстаха йиллира шен карара урчакх, кхин цкъа йехха хьовза а йина.