— Хьо ишколе ца вогӏу? Дӏа хӏунда воьду хьо? — суна тӏехьа йистхилира Малижа.
— Урокана тӏаьхьадисина шу. Тӏаьхьавуьсург ларвеш лаьтташ Иван Архипович ву шуна цигахь, — ахвухавирзина олуш со сайн новкъа дӏавахара.
И шиъ уроке сихделира. ӏумар-м шен къамел ца сацош векаш вара, амма цхьана хӏаваэхула хаа-м делира сан хьекъална, йоӏ кӏентан самукъане дийцарах кхин къежаш ца хилар.
Со меллаша волавелла эвлайуккъерчу йоккхачу майдане кхечира. Жимма волавелла а лелла туькнашкахула чекх а ваьлла со вуха а майдане кхечира. Оцу хенахь майданехула схьавогӏуш тхайн лулахо хаавелира суна. Со хьулвалан вуьйлира, амма ца кхиира.
— Сайдӏали, хьо ишколехь вац? — хаьттира цо соьга геннара.
Вахӏид цӏе а йолуш, почтехь болх беш, шена тоъал делахь а, кхин эхӏ-аьлла генадаьлла хьекъал а доцуш гӏеметтахӏоьттина жимочу дегӏехь векъана стаг вара и.
Бегаш беш, беламена стаг ӏехор, хьовзор-м ша ду, амма аьшпаш ца боттан хӏуъу а дийр долуш вара со.
— Дера, лулахо, со-м ишколера эккхавина! — дере дира аса.
Амма Вахӏид шен агӏора кхийтира аса аьллачух. Цунна тарделла хиллера со ишколера дӏаваьккхина.
— Муха эккхийна? Зийнина хаьий хьо ишколера дӏаваьккханий? — хаьттира цо сол а чӏогӏа догдоьхна.
Со цӏаьххьана кхийтира, Вахӏид оцу Везчу Дала сан миска цӏока кӏелхьарайаккха суна ваийтина хиларх.
— Вахӏид, — дехаран тӏегӏана тӏе а волуш лулахочуна коча вахара со. Хьо суна орцах ца валахь, воккхура волуш-м ву со ишколера дӏа а! Хӏинца а тӏаьхьа дац-кх! — дийхира аса лулахочунга.
Амма Вахӏид воьхна гуш велахь а, сох ца кхеташ шаверг а хаттаран хьаьрк а хилла соьга хьоьжуш лаьттара.
Со-м сих ца лора и кхетон, цуьнан кхин а жимма догдохош, кӏаддеш.
— Вахӏид, хьо тхан ненан гергара стаг ма ву? — хаьттира аса.
— Ву, геннара... тайпана.., — хӏун хилла, дийций валахь, — собар ца тоьура сан лулхочун.
— Хьо тхан гергара ву аьлла, хӏинцца тхан классан куьйгалхочунна тӏе ца вагӏахь, соьга ишколана аьттехьа гучу ма вала аьлла-кх, — жим-жимма гучу йоккхура аса сайн къайле.
— Ткъа хӏун оьшу хьогара оцу классан куьйгалхочунна? — ца кхетара лулахо.
— И къена стаг ма ву. Ткъа къена нах уьш даима а цхьанна реза боцуш хуьлу. Цхьанна дов ца деш де чекхдаьлча, царнна буьйсана наб а ма ца кхета.