Кхана ӏуьйрана дуьххьара хьалхарчу классе деша вахан везаш вара жима кӏант Рамзан. Селхана базаран дийнахь шен бабийца школе воьдуш хилан дезаш долу духар а, книгаш а, тӏаьрсиган цӏена хаза хьожа а йогӏуш болу дешархочун тӏоьрмиг а эцнера кӏантана. Мелла чӏогӏа шех дозалла дора кӏанта шен ги тесина тӏоьрмиг а болуш, бабина хьалха а ваьлла цӏа вогӏуш. Массо а нах шега цхьаннега хьоьжуш бу моьттура Рамзанна. Ткъа цӏа а веъна шен школан духар тӏе а дуьйхина пенаха кхозучу доккхачу куьзгана чухьаьжича-м кӏантана хӏинцца школе дӏахьада лиънера.
Тахана ӏуьйренца, дуьххьара малахан зӏаьнаршца гӏаьттина школе вахан кечам беш хьийзаш вара кӏант. Ма чӏогӏа меллаша гӏоттура-кх и малх тахана хьала. Хӏинццалца зевне аьзнашца бес-бесара тобанашца школе оьхуш долу бераш а тахана къаьсттина хьеделлера.
— Сихалло са даьккхина, собаро лам баьккхина, — йела къежаш бегашца синтеме кхойкхура бабас кӏант.
Амма кӏант бабас дуьйцург хезачохь-м вацара.
Эххар а хезира кӏантана школе дахан новкъа девллачу берийн аьзнаш.
— Баба! Баба! Хан хиллахьуна, сиха лелалахь! Вайшиъ школе дахан тӏаьхьадуьсу хьуна! — мохь белира кӏентан.
— Дика ду, сан диканиг! Хӏинцца котамашна хьаьжкӏаш а тесина кечло со, — жоп делира бабас.
Шурин бос лепа кӏайн коч, ӏаьржа хечий, гихь дешархочун тӏоьрмиг, буйнахь зезагаш! Мел хаза ӏуьйре йара-кх хӏара жимчу Рамзанна. Кӏант бабина хьалха а ваьлла шуьйра ког а боккхуш вогӏура. И кест-кестта дӏаса а хьожура. «Со гуш мукъна а вуй техьа нахана!» — дегна гилдгаш доху дог-ойла йара кӏентан коьртахь.
— Рамзан ишколе вуьгуш ву хьан, Ребӏат? — аьлла лулахо йоккха стаг йист хилча-м кӏантана ша хӏаваэ айвелла моьттура.
Урам хьалабуьззина дара бес-бесара зезагаш, бераш, берийн дай, наной. Массо а агӏора хезаш эшарш, беларш, самукъне берийн аьзнаш дара. Цхьана доккхачу эчиган кевна хьалхахь дижина ӏуьллуш дара цхьа нана-доккха кӏайн месала жӏаьла. Дешархой бераш-м цунах дӏадоьлла ду аьлла хеталора. Хӏунда аьлча уьш жӏаьлина уллохула тӏех дуьйлура цхьа цуьрг а цунах ийза а ца луш, и жӏаьла инзаре доккха делахь а.