ӏелин хьаьжа тӏе, берцан буьртигаш санна, кегийра хьацаран тӏадамаш хӏиттира. Лергаш долу кхакханан куй коьртара схьа а баьккхина, хьаьжа тӏе хьаькхира цо. «Ас хӏун де-те? – хоьттура цо ша-шега. – Со вовзийта-те ас, йа сайх догдиллинчу хӏокхарна ца вовзуьйтуш, тийна-таьӏна Николаз волчу Гуьржех дӏагӏо-те со? Хьайн де доьхна, гӏо эшна меттиг нислахь, ша волчу дӏавола, ма аьлла цо соьга. Нагахь санна уьш маршонан гӏуллакхна гӏовттахь, къена велахь а, церан могӏаре а хӏуттур со. Хьанна хаьа, шаьш маьршабевлча, соьца каторгехь хилла накъостий а цига бахка а ма мега…».
Хьаьжа тӏера хьацар дӏадаккха ӏелас коьртара куй дӏабаьккхича, Айзин къамел, мотт сецча санна, цӏаьххьана хедира. Цуьнан бӏаьргаш къаьрззина ӏелина тӏебогӏабелира. Тӏаккха меллаша хьалагӏеттина, цунна тӏе а йахана, ӏелин хьаьжа тӏерачу бехачу, цӏечу монах дайн куьг хьаькхира цо.
– Нагахь со эсах йаьлла йацахь, хӏара мо ас йерзийнчу чевнан мо бу-кх, – элира цо шабарца, тӏаккха ӏелина а бен ца хезаш кхайкхира: – ӏела?
Ӏелин корта, шина а куьйга къевлина схьа а лаьцна, шен некха тӏе таӏийра Айзас.
– ӏала-а-а! Хьанна моьттура, хьо дийна хир ву… Тахана со йеллачу хӏунда ца кхечи хьо, ӏала-а-а?..
Кӏант а, нус а, цецдаьлла, дист ца хуьлуш лаьттара, Айзас лелочуьнга а хьуьйсуш. Ӏусман ца кхетара шен нанас лелочух. И муьжги мара а къевлина, хӏокхуьнан ден цӏе хӏунда йоху цо? Шен майрачун доттагӏ гича, майра карла а ваьлла, эс галдаьлла-те цуьнан?
Айза, дегӏ а малделла, ша йолччохь цӏенкъа охьайахара. Тӏехьаьддачу ӏусмана, пхьаьрсаш кӏелхьара схьа а лаьцна, айъина маьнги йисте охьахаийра иза. Несо, марненан йуьхьах шийла хи а хьаькхна, масех къурд байтира цуьнга. Ша саметта йеача, шиний куьйга схьалаьцна корта охьа а бахийтина, цкъа мохь олуш, тӏаккха узарш деш, сауьйзуш, шиний агӏор дӏаса а техкаш, йелха йуьйлира. Иза йоьлхучуьра саццалц цхьа а вист ца хуьлура цӏа чохь. Шен дог а ӏабийна, эххар а йоьлхучуьра сецира Айза. Ӏусман шекваьллера нанас лелочух. Нанна хьалха охьа а лахвелла, цуьнан голаш тӏе куьйгаш дехкира кӏанта.
– Ахь лелориг хӏун ду, нана? И муьжги мара хӏунда къевлира ахь? Хьо хӏунда йоьлху? Коьрте лазар-м ца деана хьуна? –