Оьрсийн халкъана ца оьшура шен паччахьаша, хьоладайша нохчашца бина тӏом, ца лаьара шайн кӏентий, вежарий кхузахь бойъийла. Амма паччахьаша а, хьоладайша а шаьш дийриг халкъе хоьттуш ца до. Оьрсийн халкъ а ду паччахьийн, хьоладайн кога кӏел, ӏазапехь, лоллехь. Царна дуьхьал дукхазза а гӏеттина оьрсийн халкъ, амма даим а къинхетамза хьаьшна цуьнан дуьхьало. Оьрсийн паччахьаш а, хьоладай а Россехь дехачу дерриг а къаьмнийн къехойн йукъара мостагӏий бу. Вовшех къесташ, ша-ша, цхьацца гӏиттарх, паччахь а, цуьнан ӏедал а дохалур дац халкъашка. Иза данне а далур дац нохчийн жимачу къоме. Хӏетте а, нохчий даим а девнна хьалха гӏиртина, цундела царна даим бохамаш а хилла. И хьалхенаш йохур йац вай кхидӏа. Вайл даккхийчу а, вай санначу а къаьмнаша хӏун до а хьовсуш, хьалха а ца гӏерташ, тӏехьа а ца лечкъаш, йуккъера меттиг схьа а лаьцна, къуьйсур ду вай вешан маршонехьа. Оцу къийсамехь керста оьрсий, гуьржий, эрмалой, хӏирий, кхидолу къаьмнаш а вешан мостагӏий хилийта ца деза вай, ткъа накъостий хилийта деза. Церан гӏоьнца вохор ву вай вешан йукъара мостагӏ, церан гӏоьнца йухаерзор йу вай вешан маршо.
Хӏетталц ладоьгӏуш ӏийна Хьуьса-Молла къамела йукъавуьйлира:
– Маржа Овхьад йаӏ, оцу керстанашна йуккъехь даьккхинчу ткъе ворхӏ шаро хаза кхоччуш тиларчу вигна-кх хьо! Айхьа дуьйцург хӏун ду, хаьий хьуна? Керстанах ма теша, иза доттагӏ а, накъост а ма лаца, цуьнца гергарло а ма леладе, боху Дала Къуръан чохь. Керстанашна а, бусалбанашна а йуккъехь барт а, машар а хир ма бац цкъа а. Хила йиш а ма йац. Керста доттагӏ, накъост лаьцнарг Делах ма волу, Делерчу къинхетаме дог дохийла ма йац цуьнан!
– Стомара гуламехь-м иштта ма ца элира ахь, Хьуьса, – накъосташка бӏаьрг а таӏош, кхоссар йира Янаркъас. – Оьрсийн паччахь а, цуьнан хьаькамаш а Дала хӏиттийна, Делан лаамца лелаш бу, царна а, церан ӏедална а муьтӏахь хила деза, царна дуьхьалверг Далла дуьхьал ву, иза жоьжахатин цӏергахь вогур ву бохуш, ма дийцира ахь. И оьрсийн паччахь а, цуьнан хьаькамаш а бац ткъа, бисина оьрсий санна, керстанаш?