бале, бохаме, зуламе долу. Хьоьга шалхонаш лелае, ца боху ас. И бакъдерг айхьа аьлча, иза хьайна бале, бохаме, зуламе дер долуш хилча, вист ца хуьлуш, ӏаддаӏе, боху. Цхьакӏеззиг бехкбаьлларг йа бехк-гуьнахь а доцург нехан маттаца хӏаллакво хӏокху заманахь. Хьо къанвелла, ӏела. Йуха Сибрех воьду хан йац хьан. Вахча, йуха а вогӏур вац.
– Делахьа Ахьмад, ма дика хаьа-кх суна иза. Сибрехь айса лайна ткъе берхӏитта шо-м хьехор а дацара, оцу хьалхарчу цхьана шарахь а со дийна висарх цецвуьйлу. Къона хиларна лайна хир йу-кх ас и халонаш. Ткъа нахана йукъаваьлча, сайга хаттар дича, йа цхьаммо гуш лаьтташехь харц, питане хабар дуьйцуш, вист ца хуьлуш, пхьагал санна, дӏа а тебна муха ӏен веза? Ала дезачохь бакъдерг дуьххьал дӏаала, боху Дала.
– Хӏета, со пхьагалх тарви-кх ахь! – велавелира Ахьмад. – Кӏилло а хилла ца ваьлла со маршонехьа къийсамна йуьстах. Вайн къийсам а, оцу къийсамехь хӏаллакьхилар а эрна хиларх кхетта со. Хьо лаьцначул тӏаьхьа, Симсарара ӏаьлбаг-Хьаьжа коьртехь а волуш, гӏаттам хилира Нохчийчохь, коьртачу декъана – хӏокху Нохчмахкахь. Хьекъале, майра кӏант вара иза. Гӏаттаман коьртехь хилла кхойтта стаг Соьлжа-Гӏалахь ирхъоьллира, гӏаттам хьошуш, дуккха а байъира, эзарнаш Сибрех бахийтира. Доцца аьлча, нохчийн къомана пайда ца бира оцу гӏаттамо. Бохам бира.
– Дукхахболу бохамаш а, эшамаш а вайн вешан бехкенна а хилла, Ахьмад. Шемалан заманахь дуьйна схьа вайн баьччанаша кхеташ йа кхетамза дийлийтинчу гӏалаташа а бина вайн гӏуллакхна дуккха а эшамаш. Хьо керта вале оцу Овхьада ӏаламат хьекъале къамел дира, амма цо дийцинчух нах ца кхийтира, моьтту суна. Нохчийн баьччанаша хьалха а, тӏаьхьа а дийлийтинчу коьртачу гӏалатех цхьаъ, суна хетарехь, бусалба динехь доцу лулара а, генара а къаьмнаш вайн мостагӏий ларар, царна дуьхьал гӏазотан тӏом кхайкхор дара. Вайца тӏом бечу оьрсийн эскарехь керста гуьржийн, эрмалойн, хӏирийн, кхечу къаьмнех а инарлаш, эпсарш хилча, цаьрга цабезам а, мостагӏалла а гуьржашна, эрмалошна, хӏирашна тӏедаржадора вай. Ткъа и къаьмнаш шаьш а, оьрсийн къам а ма дара паччахьан ӏедалан лоллехь, ӏазапехь. Царна а ма ца дезара и ӏедал. Тӏаьхьа хиира суна, вай