ӏусманца йисинера Айза. Цӏа-цӏе а доцуш, керт-ков а йоцуш. Къаналло а, цамгаро а кӏелвитина да воцург, доладан кхин верас а воцуш. Ахьмад а ца хьистинера дахаро. Доьзалхо а воцуш, къанвеллачу хенахь хӏусамнана а йелла, цхьа висинера иза а. Къанвелла, цамгаро лаьцна кӏелвисарна а кхоьрура. Тӏаккха шен дола дан верас цахиларна а кхоьрура. Айза шега йеача, ӏусманах шен верас хиларе дог а дехира, цӏа-цӏе а, керт-ков а доцуш дисинчу ненан а, кӏентан а ша дола дича, цаьршимма шен доладаре а, ша цушиннан дог эцча, Дала иза цхьана йоле дилларе дог а дехира. Азаллехь синош кхуллуш, Дала йина кхел лелла, рицкъанаш а хилла, цхьаьнакхийтира и шиъ. Йуьхьанца шийла лаьттира цаьршиннан йукъаметтигаш. Айзас къайлах дог ца дуьллура ӏелех. Амма кӏант хиллачул тӏаьхьа, ӏелех дог а диллина, Ахьмадана дика а, муьтӏахь а хӏусамнана хилира Айзех.
Массара а велларг лерина, вицвина ӏела, ткъе берхӏитта шо даьллачул тӏаьхьа, хӏинца цӏа веана. Эхартара веача санна. Цуьнан зуда Ахьмадехь марехь йу. Нахана дуьйцу хезна хӏума а ма дац хӏара. Нехан цӏартӏехь маре йахана зуда а, иза йигнарг а – ший а дуьйш ӏадат ду нохчийн. Ткъа хӏокху шинна йукъахь лелларг шатайпа гӏуллакх ду. Хӏуьттаренна-гамонна дина а дац. Доьналла доцчу, оьзда боцчу наха мостагӏалла а хьедийр долуш, оьздачу къонахаша машаре а дерзор долуш, дерзо бусалба динехь некъаш а долуш, хилла гӏуллакх ду. Сибрех ваххалц ӏелел оьзда а, майра а, къинхетаме а, доьналле а стаг вацара хӏокху Яьссин тогӏица. Махках а ваьлла, халкъах а хаьдда ткъе берхӏитта шаро амалш, гӏиллакх хийциний-те цуьнан? Дардиний-те цуьнан дог? Дицдиний-те цо шен къоман оьзда гӏиллакхаш а? Дегнаш боьхачу адамийн мотт-эладитанаша дӏовш дуттурий-те цуьнан даг чу?
Ши-кхо де хьалха уллохула тӏехволуш, ӏабдин туькана чувирзира Ахьмад. Чохь ӏабди а, Хьуьса-молла а бен, кхин адамаш а дацара. Хӏара неӏарх чоьхьаваьлча, шиннан а велавалар иккхира.
– Ахьмад, шариӏато цхьана стеган йиъ зуда хила магадо. Амма, цхьана зудчун ши майра хила магийна бохуш, ца хезна цхьанна а. Айза хьоьгахь марехь йу, ткъа наггахь ӏелин кӏант волчу а йоьду. Шуьшиннах муьлхачун сте йу иза? – хаьттира Хьуьсас, вела а къежаш.